‏ 1 Kings 10:1-13

Шеба-махкара йолу зуда-паччахь Сулим волчу яр

(2 Шерашкахь 9:1-12)

1 aШеба-махкахь йолчу зуда-паччахьна а хезира Везачу Элан сийлаллина хилла долу Сулим-паччахьан цӀе яхар. И зуда-паччахь Сулим-паччахьна тӀееара, иза чолхечу хаттаршца зерхьама. 2Шеба-мехкан зуда-паччахь Ярушалайм-гӀала еара, шеца йоккха ковра а ялош. Оцу эмкалшна тӀехь доьттина дахьаш дара хаза хьожа йогӀучу бецех дина хьакхарш а, дуккха деши а, деза тӀулгаш а. Сулим-паччахь волчу а еана, шен дагахь мел долчух лаьцна къамел дира Шеба-махкара еанчу паччахьо. 3Ткъа Сулим-паччахьо цо деллачу массо а хаттаршна жоп делира, цхьа а хаттар ца дисира, Сулим-паччахье жоп ца далалуш. 4Шеба-махкара еанчу паччахьна гира Сулим-паччахьан хьекъал хилар а, цо дина паччахьан цӀа а. 5Иштта цунна гира кхузахь боу кхача а, паччахьан уллоранаш Ӏаш болу меттиг а, ялхой оьзда хилар а, церан духар а, цо дӀахӀотто чагӀар а, Везачу Элан цӀийнан кертахь Сулим-паччахьо дохуш долу дийнаташ дагоран сагӀанаш а. И дерриг а шена гича, чӀогӀа инзаръяьллера иза. 6Цо элира Сулим-паччахье: «Сайн махкахь суна хезнера хьан гӀуллакхех лаьцна а, хьан хьекъалаллех лаьцна а. Иза бакъ хилла. 7Амма со тешар яцара цунах, со ян а еана, сайн бӀаьргашна иза галлалц. ХӀинца суна го, сайна гинчух ах а дийцина ца хиллийла соьга. Хьан хьекъал а, хьан хьал а соьга дийцинчул дуккха а сов ду. 8Мел ирс долуш хила деза хьан адамаш. Ма ирс долуш хила беза хьан ялхой, хӀора денна хьуна гӀуллакх деш, хьан хьекъале къамел хезаш болу! 9Декъала хуьлда хьан Веза Дела, хьо Исраилан халкъан паччахь ван лиъна волу. Исраилан халкъе Шен гуттаренна а болу безам хиларна Везачу Эло хьох паччахь вина, хьоьга кхел яйтархьама а, нийсо лелаяйтархьама а».

10ТӀаккха цо Сулим-паччахьна цхьа бӀе ткъа гали деши а, дуккха хаза хьожа йогӀучу бецийн хьакхарш а, деза тӀулгаш а делира. Шеба-мехкан паччахьо елла хаза хьожа йогӀу хӀуманаш, Исраил-махка хьалха мел еанчарел, дуккха а сов яра.

11(Хьирам-паччахьан хӀордкеманаша а Апар-махкара деши деара. Цу махкара Хьирам-паччахьо деара дуккха а цӀен дечиг а, деза тӀулгаш а. 12Везачу Элан цӀенна а, паччахьан цӀенна а тӀегӀанашна тӀехула хьалаволучу хенахь, куьйгаца схьалаьцна, хьалавала аьтто беш йолу гӀортораш яйтира Сулим-паччахьо. Иштта зурманчашна оьшу мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а дайтира паччахьо оцу дечигах. ХӀетталц цкъа а я деана а, я гина а дацара оццул долу цӀен дечиг.)

13ТӀаккха Сулим-паччахьо а елира Шеба-махкара еанчу паччахьна цунна еззнарг а, цо еххнарг а ша совгӀатна еллачул а сов. Цул тӀаьхьа зуда-паччахь ялхошца шен махка юхайирзира.
Copyright information for CheCAC2012