1 Kings 10:14-25
Сулим-паччахьан хьал
(2 Шерашкахь 9:13-29)
14Сулим-паччахьна хӀора шарахь цхьа эзар кхо бӀе ткъе шийтта пунт деши дахьара. 15И деши доцург, йохкаэцар лелош болчара а, совдегарша а, берриг а Ӏаьрби-махкарчу паччахьаша а, шен мехкадайша а деши дахьара Сулим-паччахьна. 16ТӀаккха туьйсинчу деших дина ши бӀе доккха турс а дайтира Сулим-паччахьо. ХӀора турсана ялх бӀе шекхал ▼▼Шекхал – цхьа шекхал итт грамм барамехь ду.
туьйсина деши дахнера. 17Иштта кхин а кхо бӀе кегий турсаш дайтира цо, хӀора турсана цхьа бӀе шовзткъе итт шекхал туьйсина деши а дуьллуш. Туьйсина деших дина и турсаш «Ливанун-мехкан хьун» олучу цӀенош чу дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо. 18Пийлан кӀомсарех доккха паччахьан гӀант дайтира паччахьо, цунна тӀе а цӀена деши диллира. 19Оцу гӀантана тӀеваха йиллина ялх тӀегӀа яра. ГӀантан букъ туху агӀо тӀехулара горга яра. ГӀантан шина а агӀор куьйган голаш хӀотторгаш яра, царна хӀоранна уллохь дина лоьмийн суьрташ дара. 20Кхин а шийтта лоьман сурт дара, оцу ялх тӀегӀанна шинна а агӀор цхьацца лаьтташ. Оцу тайпана долу паччахьан гӀант хӀетталц цхьанна а пачхьалкхехь дина дацара. 21Сулим-паччахьан хьеший тӀеоьцуш лелош йолу пхьегӀаш дашо яра. «Ливанун-мехкан хьун» цӀе йолчу цӀенош чохь лаьтташ йолу кхин йолу хӀуманаш а ерриг а цӀеначу деших йина яра. Детих йина хӀумма а яцара, хӀунда аьлча Сулим-паччахь волчу заманахь детин мах чӀогӀа лахара бара. 22Кхечу мехкашца йохкаэцаран гӀуллакхна вовшахтоьхна хӀордана тӀехула лелаш хинкеманаш дара паччахьан. Уьш Хьирам-паччахьан хӀордкеманашца цхьаьна лелара. ХӀора кхаа шарахь цкъа хӀордкеманаш, деши, дети, пийлан кӀомсарш, маймалш, тӀаус-олхазарш а дахьаш, юхадоьрзура. 23Дуьненна чуьра массо а паччахьал а инзаре дукха хьал а, хьекъалалла а долуш вара Сулим-паччахь. 24Дуьненна чуьра массо а адамна лаьара Сулим-паччахь ган, Дала цунна делла долу инзаре хьекъалалла шайна хазийтархьама. 25Шо шаре мел долу дукха адам догӀура Сулим-паччахь гархьама, шаьш богӀуш цара хӀораммо а совгӀаташ дахьара: детих а, деших а йина хӀуманаш, тӀеюху бедарш, герз, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш, говраш, бӀарзанаш.
Copyright information for
CheCAC2012