1 Kings 10:23-27
23Дуьненна чуьра массо а паччахьал а инзаре дукха хьал а, хьекъалалла а долуш вара Сулим-паччахь. 24Дуьненна чуьра массо а адамна лаьара Сулим-паччахь ган, Дала цунна делла долу инзаре хьекъалалла шайна хазийтархьама. 25Шо шаре мел долу дукха адам догӀура Сулим-паччахь гархьама, шаьш богӀуш цара хӀораммо а совгӀаташ дахьара: детих а, деших а йина хӀуманаш, тӀеюху бедарш, герз, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш, говраш, бӀарзанаш. 26 aЧкъургаш йолу дойн гӀудалкхаш а, говраш а гулйинера Сулим-паччахьо. Дойн гӀудалкхаш цхьа эзар йиъ бӀе яра, шийтта эзар говр яра. Оцу говрех цхьаерш царна къастийна тойинчу меттигашкахь, ткъа кхиерш Ярушалайм-гӀалахь дӀахӀиттайора Сулим-паччахьо. 27 bДетин барам тӀулгаш долччул дукха хилла дӀахӀоттийра цо Ярушалайм-гӀалахь. Лаьмнийн кӀажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисдина дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо.
Copyright information for
CheCAC2012