1 Kings 10:4-7
4Шеба-махкара еанчу паччахьна гира Сулим-паччахьан хьекъал хилар а, цо дина паччахьан цӀа а. 5Иштта цунна гира кхузахь боу кхача а, паччахьан уллоранаш Ӏаш болу меттиг а, ялхой оьзда хилар а, церан духар а, цо дӀахӀотто чагӀар а, Везачу Элан цӀийнан кертахь Сулим-паччахьо дохуш долу дийнаташ дагоран сагӀанаш а. И дерриг а шена гича, чӀогӀа инзаръяьллера иза. 6Цо элира Сулим-паччахье: «Сайн махкахь суна хезнера хьан гӀуллакхех лаьцна а, хьан хьекъалаллех лаьцна а. Иза бакъ хилла. 7Амма со тешар яцара цунах, со ян а еана, сайн бӀаьргашна иза галлалц. ХӀинца суна го, сайна гинчух ах а дийцина ца хиллийла соьга. Хьан хьекъал а, хьан хьал а соьга дийцинчул дуккха а сов ду.
Copyright information for
CheCAC2012