‏ 1 Kings 11:1-8

Сулим-паччахь Дала бохучунна тӀера дӀаверзар

1 aХийрачу мехкашкара зударий безара Сулим-паччахьна. ПирӀунан йоӀ йоцург, царна юкъахь бара муабахойн, Ӏамминхойн, эдомхойн, цӀаданхойн, хьетахойн йоӀарий. 2 bУьш бара Везачу Эло исраилхошка иштта дешнаш аьллачу оцу къаьмнех: «Аша оцу къаьмнех йолу зуда яло мегар дац, шаьш цаьрга шайн деланашна тӀаьхьа ца хӀиттадайтархьама». Амма и зударий тӀех дукха безарна, корта дӀабаханера Сулим-паччахьан. 3Иштта, ворхӀ бӀе зуда а, кхо бӀе гӀарбаш-зуда а яра Сулим-паччахьан. Оцу зударша бакъболчу некъа тӀера дӀаваьккхира Сулим-паччахь. 4Сулим-паччахь къанвелча, цу зударша шайн деланашкахьа дӀаверзийра иза. Цундела Сулим-паччахьан дог, шен ден Даудан ма-хиллара, шен Везачу Далла дерриг а дӀаделла дацара. 5ЦӀаданхойн Ӏаштарт
Ӏаштарт – иза Хьалхарчу Азехь даьхначу къаьмнийн хьийкъина ялта даларан а, безаман а дела ю бохург ду.
цӀе йолчу далла а, МилкӀом
МилкӀом – иза канаӀанхойн дела ву бохург ву. Цунна сагӀина дийна бераш дохьура, къаьсттина – Ӏамминхоша.
цӀе йолчу чӀогӀа боьхачу Ӏамминхойн далла а тӀевирзира Сулим-паччахь.
6Иштта Везачу Элана хьалха шех зулам далийтира Сулим-паччахьо. Иза, шен да Дауд санна, кхоччуш тӀаьхьа ца хӀоьттира Везачу Элана. 7ТӀаккха Сулим-паччахьо Ярушалайм-гӀалина малхбалехьа лаьттачу борзана тӀехь цӀу-деланашна Ӏамал ен меттигаш дӀахӀиттийра: муабахойн цӀунна Камошна а, Ӏамминхойн цӀунна Мулкана а. И цӀуш Далла хьалха боьха лоруш бу. 8Иштта шен хийрачу мехкашкара ялийначу массо а зудчунна шайн-шайн деланашна баьрзнашна тӀехь хӀиттийначу кхерчаш тӀехь хаза хьожа йохуьйту меттигаш а, сагӀа доккху меттигаш а кечъяйтинера Сулим-паччахьо.
Copyright information for CheCAC2012