1 Kings 12:21-24
ШамӀа-ЯхӀу-пайхамаро бина хаам
(2 Шерашкахь 11:1-4)
21РахьбуӀама, Ярушалайме схьа а веана, дерриге а ЯхӀудан цӀийнах а, Бен-Яманан тӀаьхьенах а волу цхьа бӀе везткъа эзар тоьлла тӀемало схьагулвира. Исраилан цӀийнах болчаьрца тӀом а бина, Сулим-паччахьан кӀентан РахьбуӀаман кара паччахьалла юхадерзорхьама дира цо иза. 22ШамӀа-ЯхӀу цӀе йолчу Делан стаге Дала элира: 23«Сулиман кӀант волчу яхӀудхойн паччахье РахьбуӀаме а, ЯхӀудан, Бен-Яманан тӀаьхьенах болчу массаьрга а, кхидолчу халкъе а дӀаала: 24„Иштта боху Везачу Эло: ‘Шайн вежарий болчу исраилхошца тӀом бан ма гӀолаш. ХӀорра а шен-шен цӀа юхаверза, хӀунда аьлча и хилларг дерриг а Соьгара дара’“». Везачу Эло бохучуьнга ла а доьгӀна, уьш Цо ма-бохху юхабирзира.
Copyright information for
CheCAC2012