‏ 1 Kings 14:23-29

23 aЦара шайна сагӀа доккху гунаш а, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а дӀахӀиттадора муьлххачу а лекхачу меттигехь а, муьлххачу а ӀиндагӀ луш долчу дитта кӀелахь а. 24 bОцу махкахь а бара цӀуйн дуьхьа сийсаза лелаш болу «базбина» божарий. Везачу Эло Исраилан халкъана хьалхара дӀалелхийначу наха мел лелийна дегаза гӀуллакхаш леладора яхӀудхоша а.

25 cРахьбуӀам паччахь волу пхоьалгӀа шо долуш, Мисар-мехкан паччахь волу Шушакх Ярушалаймана тӀелетира. 26 dВезачу Элан цӀа чуьра а, паччахьан цӀа чуьра а ерриге а еза хӀуманаш дӀаяьхьира цо. Сулим-паччахьо дайтина дашо турсаш а цхьаьна, дерриг хӀума а дӀадаьхьнера. 27Церан метта РахьбуӀам-паччахьо цӀестан турсаш дайтира. Уьш паччахьан цӀийнан ков лардечу гӀаролхойн хьаькамийн караделира. 28Паччахь хӀоразза а Везачу Элан цӀа чу волуш, гӀаролхоша и турсаш схьаоьцура. Цул тӀаьхьа гӀаролхойн цӀа чу шен метте охьадохкура цара уьш.

29РахьбуӀаман кхидолчу гӀуллакхех а, цо мел динчух а лаьцна яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.
Copyright information for CheCAC2012