1 Kings 14:25-28
25 aРахьбуӀам паччахь волу пхоьалгӀа шо долуш, Мисар-мехкан паччахь волу Шушакх Ярушалаймана тӀелетира. 26 bВезачу Элан цӀа чуьра а, паччахьан цӀа чуьра а ерриге а еза хӀуманаш дӀаяьхьира цо. Сулим-паччахьо дайтина дашо турсаш а цхьаьна, дерриг хӀума а дӀадаьхьнера. 27Церан метта РахьбуӀам-паччахьо цӀестан турсаш дайтира. Уьш паччахьан цӀийнан ков лардечу гӀаролхойн хьаькамийн караделира. 28Паччахь хӀоразза а Везачу Элан цӀа чу волуш, гӀаролхоша и турсаш схьаоьцура. Цул тӀаьхьа гӀаролхойн цӀа чу шен метте охьадохкура цара уьш.
Copyright information for
CheCAC2012