1 Kings 15:1-8
ЯхӀудхойн паччахь Аби-ЯхӀу
(2 Шерашкахь 13:1–14:1)
1НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошна тӀехь паччахьалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш, Аби-ЯхӀу яхӀудхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира. 2Ярушалаймехь кхаа шарахь паччахьалла дира цо. Цуьнан ненан цӀе МаӀха яра. Иза Абушаламан йоӀ яра. 3Аби-ЯхӀу-паччахьо а летадора хьалха шен дас летийна доллу къинош. Цуьнан ден да волу Дауд шен Везачу Далла даггара тӀевирзина вара, ткъа Аби-ЯхӀу Везачу Далла даггара тӀевирзина вацара. 4 aИза иштта делахь а, Даудан дуьхьа цуьнан Везачу Дала цунна Ярушалаймехь йолу тӀаьхье елира. Цул тӀаьхьа паччахь хилийтархьама, Дала цунна кӀант велира, ткъа Ярушалайм-гӀала Дала чӀагӀйира. 5 bВезачу Дала иштта дира, хӀунда аьлча Дауда гуттара а Далла нийса хетарг лела а дора, ша мел веха а Дауд цкъа а Везачу Элан весеташ тӀера дӀа ца велира, хьетахо волчу УръяхӀуна ша динчу цхьана хӀуманна тӀехь доцург. 6 cАби-ЯхӀу ваьхначу ерриге а заманахь РахьбуӀамна а, ЯрбаӀамна а юкъахь тӀом лаьттира. 7Аби-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех а, цо мел динчух а лаьцна яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. Аби-ЯхӀуна а, ЯрбаӀамна а юкъахь а тӀом лаьттира. 8Аби-ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Аби-ЯхӀун метта паччахь хилира цуьнан кӀант Аса.
Copyright information for
CheCAC2012