1 Kings 15:17-22
17Исраилхойн паччахь БаӀша ЯхӀуд-махкана тӀелетира. Цо Рама-гӀала чӀагӀйира, цхьа а Аса-паччахьан лаьтта тӀе я ара, я чу ца валийтархьама. 18Везачу Элан цӀа чуьра а, паччахьан цӀера а хазнаш чохь дисина долу дерриг дети а, деши а, схьа а эцна, иза шен ялхойн кара дӀаделира Аса-паччахьо. ТӀаккха цаьрга и дерриг дети а, деши а дӀадахьийтира цо Хьезиюнан кӀентан ТӀабримунан кӀант волчу Бен-Хьадиде. Бен-Хьадид Дамасакх-гӀалахь Ӏаш волу Арам-мехкан ▼▼Арам-мохк – иза хӀинцалерчу Сири-мехкан цхьа дакъа хилла.
паччахь вара. Аса-паччахьо цаьргахула хаам бира: 19«Барт бойла суна а, хьуна а юкъахь, сан дена а, хьан дена а юкъахь ма-хиллара. Аса совгӀатна дети а, деши а доуьйту хьуна. Ахьа хьайна а, исраилхойн паччахь волчу БаӀшина а юкъахь болу барт бохабе, иза суна тӀегӀоьртина волчуьра дӀавалийтархьама». 20Аса-паччахьо бохучуьнга ладуьйгӀира Бен-Хьадида. Цо шен тӀеман хьаькамаш бахийтира Исраил-мехкан гӀаланашна тӀелата. Бен-Хьадид-паччахьо толам баьккхира Ӏаюн а, Дан а, Абал-Байт-МаӀак а гӀаланашна а, берриг Наптал-махкана а тӀехь, шена чу Канарот-мохк а богӀуш. 21И дерриг а шена хезча, БаӀша-паччахь, Рама-гӀаланах чӀагӀонан гӀап яр саца а дина, Тирца-гӀалахь ваха охьахиира. 22Ткъа Аса-паччахьо берриг а ЯхӀуд-махкахула халкъе омра дора, цхьа а стаг юкъахь ца вуьтуш, массо а яхӀудхоша Рама-гӀалара тӀулгаш, дечиг арадаккха аьлла. Уьш БаӀша-паччахьо и гӀала чӀагӀъян гулдина дара. Ткъа Аса-паччахьо цаьрца Бен-Яманан ГибаӀ-гӀала а, МицӀпа-гӀала а чӀагӀйира.
Copyright information for
CheCAC2012