‏ 1 Kings 16:1-20

1Хьананин кӀант волчу ЯхӀу-пайхамаре Везачу Эло, БаӀша-паччахьна лерина хаам а беш, элира: 2«Аса хӀумма а воцучу хьох Сайн Исраилан халкъан баьчча вира, ткъа хьо ЯрбаӀам-паччахьан новкъахула вахана, Сан Исраилан халкъ къинойх а дузуш. Цара шаьш летош долчу къиношца Со дарвина. 3ХӀинца Аса дӀавоккхур ву хьо а, цуьнан цӀийнах мел верг а. НабатӀан кӀентан ЯрбаӀаман цӀенна диннарг дийр ду Аса хьан цӀенна а. 4Хьан цӀийнах волу гӀалахь велларг жӀаьлеша вуур ву. Ткъа аренгахь веллачунна стигалан олхазарша зӀакарш еттар ю».

5БаӀша-паччахьан кхидолчу хӀуманех лаьцна – цо мел кхочушдинчух а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 6БаӀша, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Тирца-гӀалахь дӀавоьллира. БаӀшин метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Эли.

7Шен иштта дешнаш аьллера Везачу Эло Хьананин кӀант волчу ЯхӀу-пайхамарехула БаӀше а, цуьнан цӀийнах болчаьрга а, цо деш долу Шена зуламе хета массо а гӀуллакхаш бахьанехь. Ша дечу гӀуллакхаш тӀехь иза ЯрбаӀаме тарваларна а, иштта, ЯрбаӀаман цӀа хӀаллакдарна а, БаӀшас Веза Эла чӀогӀа дарвора.

ЯхӀудхойн паччахь Эли

8ЯхӀудхойн Аса-паччахьо олалла ден ткъе йолхалгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь дӀахӀоьттира БаӀшин кӀант Эли. Тирца-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира. 9Паччахьан гӀудалкхийн ахдекъан хьаькам волчу Эли-паччахьан ялхочо Зимарис цунна дуьхьал къайлаха барт бира. Цхьана дийнахь Тирца-гӀалахь паччахьан цӀенна тӀехь хьаькам волчу Арцин цӀахь маларо вахийна Ӏаш вара Эли. 10Оццу хенахь, цу цӀа чу а ваьлла, Зимарис тоьхна вийра Эли-паччахь. Иза дара Аса-паччахьо олалла ден ткъе ворхӀалгӀа шо долуш. Зимари Эли-паччахьан метта паччахь хӀоьттира.

11Цо, ша паччахь а хилла, олалла дан вола-ма-велли, БаӀшин дерриг а цӀа хӀаллакдира. БаӀшин цӀийнах болчу цуьнан гергарчарна а, доттагӀашна а юкъара цхьа а боьрша стаг дийна ца витира Зимарис. 12Иштта, Везачу Эло БаӀшех лаьцна ЯхӀу-пайхамарехула аьлла ма-хиллара, Зимари-паччахьо БаӀшин цӀа хӀаллакдинера. 13И дерриг а хилира БаӀша-паччахьо а, цуьнан кӀанта Элис а къинош летадар бахьана долуш а, цара Исраилан халкъе а къинош летадайтар бахьанехь а. Шайн эрначу цӀушна Ӏибадат дарца Исраилан халкъан Веза Дела дарвора цара. 14Эли-паччахьан кхидолчу гӀуллакхех а, цо мел динчух а лаьцна яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.

Исраилхойн паччахь Зимари

15ЯхӀудхойн паччахьо Асас паччахьалла до ткъе ворхӀалгӀа шо долуш, хилира Зимарих паччахь. Цо Тирца-гӀалахь ворхӀ дийнахь паччахьалла дира. Иза дара исраилхойн эскаро пӀелаштамхойн Габитун-гӀалина го бинчу хенахь. 16Зимарис паччахьна дуьхьал ямартлонца барт бина хилар а, цо паччахь вер а исраилхойн эскарна хиъча, цара массара а шайн тӀеман хьаькам волу Ӏумари оццу дийнахь цу меттехь паччахь дӀахӀоттийра. 17Ӏумарис а, цуьнца цхьаьна исраилхойн дерриг эскаро а, Габитун-гӀалара дӀа а дахана, Тирца-гӀалина го бира. 18Шена гӀала дӀалаьцнийла хиъча, паччахьан цӀийнан чӀагӀйинчу чухуларчу чоьн чу велира Зимари. Иза, шена тӀаьхьа паччахьан цӀийнах цӀе а тесна, велира. 19Иза иштта хилира, Зимарис Везачу Элана зуламе хета гӀуллакхаш лелорна а, ЯрбаӀама летийна доллу къинош а летош, иза цуьнан некъашца леларна а. ЯрбаӀама санна, цо а къинош летадайтира Исраилан халкъе. 20Зимарин кхидолчу хӀуманех – цо йина ямартло шена чу а лоцуш – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.
Copyright information for CheCAC2012