‏ 1 Kings 16:23-28

23ЯхӀудхойн паччахьо Асас олалла ден ткъе цхьайтталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилира Ӏумари. Цо шийтта шарахь паччахьалла дира. Царах ялх шарахь Тирца-гӀалахь олалла дира цо. 24Ӏумарис Шамран лам ийцира Шамрера, ши гали дато ахча а делла. Оцу гу тӀехь гӀала йира Ӏумарис. Цунах Шамран-гӀала элира цо, и лам долахь хиллачу Шамрин цӀарах.

25Ӏумари шел хьалха хиллачу паччахьел а тӀехвелира Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш дарна тӀехь. 26Иза массо а хӀуманна тӀехь НабатӀан кӀант ЯрбаӀам лелла хиллачу новкъахула лелара, ЯрбаӀама Исраилан халкъе летадайтина къинош а летадеш. Шайн эрначу цӀушна Ӏибадат дарца Исраилан халкъан Веза Дела дарвора исраилхоша. 27Ӏумари-паччахьо динчу кхидолчу хӀуманех лаьцна – цо кхочушдинчу гӀуллакхех а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 28Ӏумари, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Шамран-гӀалахь дӀавоьллира. Цуьнан кӀант волу Ахьаб цуьнан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира
Copyright information for CheCAC2012