‏ 1 Kings 17:17-24

17Цул тӀаьхьа оцу йисина Ӏачу зудчун кӀант цомгуш хилира. И цамгар чӀогӀа хиларна, кӀентан садаӀар а сецнера. 18Оцу зудчо Эли-ЯхӀуга элира: «Ва Делан стаг, хьан хӀун бала бу соьца? Я хьо, Далла сан къинош дага а доуьйтуш, сан кӀант вен веана ву те?»

19Эли-ЯхӀус цуьнга элира: «Схьалол соьга хьайн кӀант». Цуьнан карара кӀант, схьа а эцна, оцу цӀийнан лакхарчу гӀат тӀехь долчу шен цӀа чу а вигна, ша дӀавуьжучу маьнги тӀе виллира Эли-ЯхӀус. 20Цо Везачу Эле доӀа дира: «Сан Веза Дела! Со шен хӀусамехь волчу йисина Ӏаш йолчу хӀокху зудчунна а дийр ду те Ахьа зулам, цуьнан кӀант а валийтина?» 21 aТӀаккха Эли-ЯхӀус кхузза шен дегӀ цу кӀантана тӀедиллира. Цо доьхура: «Ва сан Веза Дела, юхадерзадехьа цу кӀентан дегӀа чу дахаран са!» 22Везачу Элана дӀахезира Эли-ЯхӀун доӀа. Оцу кӀентан дахаран са юхадеара, иза денвелира.

23Эли-ЯхӀус и кӀант, схьа а эцна, лакха тӀера охьавалийра. Цо, иза нене дӀа а велла, элира: «Хьажал, хьан кӀант дийна ву!»

24ТӀаккха оцу зудчо Эли-ЯхӀуга элира: «ХӀинца хаьа суна хьо Делан стаг хилар а, Везачу Эло хьоьгахула бакъдерг олуш хилар а».
Copyright information for CheCAC2012