‏ 1 Kings 17:3-6

3«ХӀокху меттера дӀа а валий, Йордан-хина малхбалехьа долчу Карит-Ӏин чохь дӀалачкъа. 4Оцу Ӏин чуьра хи мер ду ахьа. Ткъа хьуна юург латтор къигашна тӀедиллина Аса», – аьлла.

5Везачу Эло шега аьлларг Эли-ЯхӀус кхочушдира. Иза, вахана, Йордан-хина малхбалехьа долчу Карит-Ӏин чохь сецира. 6Къигаша бепиг а, жижиг а дохьура Эли-ЯхӀуна Ӏуьйранна а, суьйранна а. Ӏин чуьра хи а молура цо.
Copyright information for CheCAC2012