‏ 1 Kings 17:8-16

Эли-ЯхӀу а, Сарпат-гӀалара йисина Ӏаш йолу зуда а

8Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхӀуга: 9 a«ЦӀадан-гӀалин уллохь йолчу Сарпат-гӀала дӀа а гӀой, цигахь саца. Йисина Ӏаш йолчу цхьана зудчуьнга хьо, тӀе а лаций, оцу меттехь кхаба аьлла Аса». 10Эли-ЯхӀу Сарпат-гӀала вахара. Иза гӀалин кевне кхаьчначу хенахь, цунна йисина Ӏаш йолу цхьа зуда гира. Иза чӀийш гулдеш яра. Эли-ЯхӀус цуьнга элира: «КӀудал чохь жимма мала хи лохьа суна». 11И зуда хи дан яхача, Эли-ЯхӀус, цунна тӀаьхьа мохь а тоьхна, элира: «Баьпкан юьхк а яхьа суна!»

12Оцу зудчо элира: «Дийна волчу хьан Везачу Делах чӀагӀо йо ас, сан кийча яа хӀума цахилар. Сан долуш дерг текха чохь цхьа кана дама а, кхаби чохь кӀеззиг даьтта а ду. Со хӀинца жимма чӀийш гулдеш йоллура, уьш цӀа а даьхьна, сайна а, сайн кӀантана а юург ярхьама. И йолуш ерг йиъна дӀаяьлча, тхойшиъ лийр ду-кх».

13Эли-ЯхӀус оцу зудчуьнга элира: «Ма кхера, зуда, дӀа а гӀой, айхьа бохург де. Амма цкъа хьалха хьайн долуш долчух жимо совсаза хьокхам а баттий, суна схьаба, цул тӀаьхьа хьайна а, хьайн кӀантана а яа хӀума кечъе. 14ХӀунда аьлча Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Хьан текхара дама а хедар дац, кхаби чуьра даьтта а жимлур дац, Везачу Эло лаьтта догӀа даийтталц“».

15Цо, дӀа а яхана, Эли-ЯхӀус боххург дира. Дуккха а деношна Эли-ЯхӀуна а, оцу зудчунна а, цуьнан кӀантана а яа хӀума тоьура. 16Текхара дама а чекх ца долура, кхаби чуьра даьтта а лах ца лора, Везачу Эло Эли-ЯхӀугахула аьлла ма-хиллара.
Copyright information for CheCAC2012