1 Kings 18
Эли-ЯхӀу-пайхамар а, БаӀалан пайхамарш а
1Лаьтта догӀа ца догӀу кхоалгӀа шо долуш, Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхӀуга: «Хьо, ваха а гӀой, Ахьаб-паччахьна гучувала, тӀаккха Аса догӀа доуьйтур ду лаьтта тӀе». 2Эли-ЯхӀу Ахьаб-паччахьна тӀевахара. Ткъа Шамран-гӀалахь чӀогӀа мацалла хӀоьттинера. 3Ахьаб-паччахьо шен паччахьан цӀенна тӀехь хьаькам волу Ӏабди-ЯхӀу шена тӀекхайкхинера. (И Ӏабди-ЯхӀу Везачу Эле чӀогӀа ларамах вуьзна волу стаг вара. 4Изабала Везачу Элан пайхамараш хӀаллакбечу хенахь, Ӏабди-ЯхӀус цхьа бӀе пайхамар схьагулвира. ТӀаккха, уьш, шина декъе а бекъна, шина хьехана чохь къайлабехира. Цу чохь Ӏабди-ЯхӀус юург а, мала хи а латтадора царна.) 5Ахьаб-паччахьо Ӏабди-ЯхӀуга аьллера: «Вало, махкара массо шовда а, хи а долчу меттигашкахула чекхвала вайшиъ, жимма буц карор яцара те вайна, говраш а, вирбӀарзаш а дийна йисийтархьама, бежанех цхьа а ца дайархьама». 6Цу шиммо шаьш хи лохуш чекхдовла деза меттигаш билгалъехира. Цхьаъ цхьана агӀор вахара, ткъа важа вукху агӀор вахара. 7Ӏабди-ЯхӀу новкъахула дӀавоьдуш, цунна Эли-ЯхӀу дуьхьалкхийтира. Ӏабди-ЯхӀуна вевзира пайхамар. Иза лаьтта кхаччалц пайхамарна хьалха охьатаьӀира. Ӏабди-ЯхӀус пайхамаре элира: «Хьо вуй те иза, сан олахо волу Эли-ЯхӀу?» 8Эли-ЯхӀус жоп делира: «ХӀаъ, со ву иза. Ахьа, хьайн олахо волчу паччахьна тӀе а гӀой, цуьнга дӀаала: „Эли-ЯхӀу-пайхамар кхузахь ву“». 9Ӏабди-ЯхӀус цуьнга хаьттира: «Аса хӀун вон болх бина хиллера те хьуна? Нагахь аса хьо схьавеана ву алахь, цо со вуьйр ма ву. Паччахьо со вен хӀунда лаьа хьуна? 10Хьан Веза Дела дийна хилар санна бакъду-кх, цхьа а къам я цхьа а пачхьалкх ца йисина сан олахочо хьо лоьхуш нах бахийтаза. Шега хьо цигахь вац аьлча, цо чӀагӀо йойтура хьо ца караво бохучу оцу пачхьалкхе а, къоме а. 11Ткъа ахьа хӀинца соьга боху: „Вало, хьайн олахочуьнга дӀаала: ‘Эли-ЯхӀу кхузахь ву’“. 12Хьо волчуьра и ала со дӀаваханчу хенахь, Везачу Элан Сино суна хуур а доцучу цхьанхьа хьо дӀавига ма тарло. ТӀаккха аса Ахьаб-паччахье хьох лаьцна хаам а бича, ткъа хьо кара а ца вича, цо со вуьйр ма ву. Хьан лай волу со-х жимчохь дуьйна а Деле болчу ларамах вуьзна ма вара. 13Сан эла, хьоьга ца дийцина, Изабала Везачу Элан пайхамарш бойучу хенахь, аса динчух лаьцна? Аса Везачу Элан бӀе пайхамар дӀахьулвира. Аса уьш, цхьатерра шина декъе а бекъна, шина хьехана чохь къайлабехира. Царна даа бепиг а, мала хи а латтадора аса. 14Ткъа ахьа боху: „Вало, хьайн олахочуьнга Эли-ЯхӀу кхузахь ву ала. ТӀаккха цо со вуьйр ма ву“». 15Эли-ЯхӀус жоп делира: «Шена гӀуллакх деш волчу массо а ницкъийн Везачу Делах чӀагӀо йо ас, со тахана, цунна тӀе а вахана, дӀахӀуттург хиларх». 16Ӏабди-ЯхӀус, Ахьабана тӀе а вахана, и дерриг а дӀадийцира. Ткъа Ахьаб-паччахь Эли-ЯхӀуна тӀевахара. 17Ахьаба, шена Эли-ЯхӀу гича, цуьнга хаьттира: «Хьо вуй и – Исраилан халкъе бала хьоьгуьйтург?» 18Эли-ЯхӀус жоп делира: «Со вац Исраилан халкъе бала хьоьгуьйтург, ткъа хьо а, хьан ден цӀа а ду. Везачу Элан весеташ дӀа а теттина, БаӀал-харцделанашна тӀаьхьахӀиттина шу. 19ХӀинца ахьа, хьайн ялхой а бахийтий, дерриг а Исраилан халкъ а, Изабала дола деш волу БаӀал-делан виъ бӀе шовзткъе итт пайхамар а, Ашера-делан виъ бӀе пайхамар а схьагулвайта Кармал-лома тӀе суна хьалха». 20Ахьаб-паччахьо массо исраилхой а, и харцделанийн пайхамарш а схьагулбайтира Кармал-лам тӀе. 21Эли-ЯхӀу-пайхамаро, дерриг а халкъана хьалха дӀа а хӀоьттина, элира: «Шу дукха лелар дуй те шинна а когана астагӀа лелхаш? Нагахь санна Веза Эла Дела велахь, Цунна тӀаьхьахӀитта. Ткъа Иза БаӀал велахь, цунна тӀаьхьахӀитта». Халкъо цхьа а дош ца элира цуьнга. 22Эли-ЯхӀу-пайхамаро халкъе элира: «Везачу Элан пайхамарех со цхьаъ висна, ткъа БаӀалан виъ бӀе шовзткъе итт пайхамар ву. 23Тхуна ши старгӀа схьаялае. Цу шиннах шайна луъург цхьаъ аша дӀаэца. Оцу старгӀина урс а хьакхий, дакъош а дей, дечигна тӀедахка, амма цунна буха цӀе ма латае. Ткъа аса, важа старгӀа кеч а йина, дечигна тӀеюьллур ю, цунна буха а цӀе латор яц. 24ТӀаккха шу шайн Деле кхайкха. Ткъа со Везачу Эле кхойкхур ву. ЦӀе латаярца доӀанна жоп Делларг билггал волу Дела хир ву». Дерриг а халкъо, жоп а луш, элира: «Ахь бохург дика ду!» 25БаӀалан пайхамаршка Эли-ЯхӀус элира: «Оцу шина старгӀанах цхьаъ аша хьалха схьакъастае, тӀаккха сагӀа даккха кечам бе, хӀунда аьлча шу алсам ду. Цул тӀаьхьа аша шайн Деле доӀа де, амма бежанна буха цӀе ма латае». 26Шаьш схьакъастийна старгӀа кеч а йина, уьш, Ӏуьйранна дуьйна делкъахан тӀекхаччалц, БаӀал-деле кхойкхура. Цара бохура: «Ва БаӀал, дӀахазахьа тхо!» Амма дуьхьал олуш цхьа а аз а дацара, жоп а дацара хезаш. Шаьш кечйинчу сагӀа доккхучу меттигна хьалха ирхкхийсалора уьш. 27Делкъахан тӀееача, Эли-ЯхӀу кхаьрдира царах. Цо элира: «ЧӀогӀа мохь тоха аша, хӀунда аьлча иза дела ма ву. Иза ойла еш хила а тарло я иза шен гӀуллакх дан вахана хила а мега, я новкъахь вогӀуш хила а там бу, я наб еш хила а мега, иза-м самаваккха везаш ву!» 28ТӀаккха цара чӀогӀа маьхьарий хьоькхура. Цара шайн догӀмашна тӀе арсаш а, гоьмукъаш а хьокхура, шайна тӀехула цӀийш охьадоладаллалц. 29Делкъахан дӀа а яьлла, суьйренан сагӀа доккху хан тӀекхаьчча а, уьш кхидӀа а шовкъ еана бара. Амма цхьа а аз я жоп, я цхьа а хӀума дацара хезаш. 30ТӀаккха Эли-ЯхӀус дерриг а халкъе элира: «Суна тӀехила». Дерриг халкъ цунна тӀехилира. Везачу Элана сагӀа доккхуш хилла йолу меттиг йохийначуьра меттахӀотто волавелира Эли-ЯхӀу. 31 aЦо шийтта тӀулг схьаийцира. Уьш дара Везачу Эло шега: «Исраил хир ю хьан цӀе» – аьлла волчу Якъубан шийтта кӀантах девллачу тайпанийн барамехь. 32Оцу тӀулгех Везачу Элана лерина сагӀа доккху меттиг йира Эли-ЯхӀус. Ткъа оцу меттигна гонах саьнгар яьккхира, шена чу ши сахь хӀу тарлуш йолу. 33Эли-ЯхӀус сагӀа доккхучу меттиге дечиг диллира. Ткъа урс хьаькхначу старгӀанах дакъош а дина, уьш цу дечигна тӀедехкира. 34ТӀаккха цо элира: «Йиъ кхаба хих а юьзна, и хи сагӀина ягош йолчу старгӀина а, дечигна а тӀедотта». Цара Эли-ЯхӀус боххург дира. ТӀаккха юха а элира цо: «Цу тайппана кхин а цкъа де». Цара иза юха а кхочушдира. Эли-ЯхӀус кхин а элира: «Изза кхозлагӀа а де». КхозлагӀа а изза дира цара. 35СагӀа доккхучу меттигна гонах хи охьадоладелира, саьнгар хих юьзира. 36Суьйренан сагӀа доккхучу хенахь Эли-ЯхӀу-пайхамар сагӀа доккхучу меттигна улло веара. Цо доӀа дира: «ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Исраилан а Дела волу Веза Эла! Таханлерчу дийнахь дӀахаийтахьа Исраилан халкъан Дела Хьо цхьаъ вуйла а, со Хьан лай вуйла а, аса и дерриг а Ахьа ма-аллара динийла а! 37Жоп лохьа суна, ва Веза Эла, дӀахазахьа со, Веза Эла волу Хьо Дела хилар а, Ахь церан дегнаш Хьайна тӀедерзош хилар а хӀокху нахана хаийтархьама». 38ТӀаккха Везачу Эло цӀе охьахьажийра. Оцу цӀеро сагӀина еана хӀума а, дечиг а, тӀулгаш а, кхерчана гонахара латта а дагийра. Саьнгар чохь долу хи а дакъийра цо. 39И хилларг шена гича, дерриг а халкъо, лаьтта кхаччалц охьа а таьӀна, бохура: «Веза Эла – Дела ву! Веза Эла – Дела ву!» 40ТӀаккха Эли-ЯхӀус цаьрга элира: «Схьалаца БаӀалан пайхамарш! Царах цхьа а дӀа ма вахийта!» Уьш схьалийцира. Эли-ЯхӀус уьш, Къишун-хи тӀе а бигна, цигахь байира.Йокъанан чаккхе
41Эли-ЯхӀу-пайхамаро Ахьаб-паччахье элира: «ДӀа а гӀой, яа а яа, мала а мала. ДогӀун долчу чӀогӀачу догӀанан гӀовгӀа ю суна хезаш». 42 bАхьаб-паччахь яий, малий дӀавахара. Ткъа Эли-ЯхӀу Кармал-ломан бохьа тӀе велира. Цигахь цо, лаьтта кхаччалц охьа а таьӀна, шен корта голашна юккъе нисбира. 43ТӀаккха шен ялхочуьнга Эли-ЯхӀус элира: «Вало, гӀой, хӀордехьа дӀахьажа». Ялхочо, вахана, хьажа а хьаьжна, элира: «Суна-м хӀумма а ца го». Эли-ЯхӀус ворхӀазза а элира цуьнга: «Юха а гӀой, хьажа». 44Ша ворхӀазлагӀа вахана схьавеача, ялхочо элира: «Адаман кераюккъалц йолу цхьа жима марха ю хӀорда тӀера хьалайолуш». Эли-ЯхӀус элира: «Вало, Ахьаб-паччахь волчу а гӀой, цуьнга дӀаала: „Хьайн гӀудалкх а йожий, цӀа верза, догӀано хьо сацавале. Хьо хӀинцца дӀа ца водахь, догӀано сацор ву хьо“». 45Дукха хан ялале, мархаш а хӀиттира, стигал Ӏарж а елира, мох а белира. ЧӀогӀа догӀа деара. Оцу хенахь Ахьаб, шен гӀудалкха тӀе а хиъна, ИзраӀал-гӀала ваха новкъа ваьллера. 46Везачу Элан ницкъ боьссира Эли-ЯхӀуна тӀе. Шен гӀодаюкъ а йихкина, Ахьаб-паччахьна хьалха а ваьлла, ИзраӀал-гӀала дӀакхаччалц новкъахула ведда вахара Эли-ЯхӀу. 1 Kings 19
Эли-ЯхӀун Хьариб-лам тӀе валар
1Эли-ЯхӀу-пайхамаро динчух лаьцна а, цо БаӀалан массо а пайхамарш тур хьаькхна байарх лаьцна а – дерриг а Изабале дӀадийцира Ахьаб-паччахьо. 2Изабала Эли-ЯхӀуна тӀе геланча вахийтира, цуьнга дӀаала: «Деланаша, шайн лааме хьаьвссина, луьра таӀзар дойла суна, нагахь аса, кхана хӀара хан тӀекхачале, оцу пайхамарех хӀоранна а диннарг хьуна а ца дахь». 3Кхера а велла, Эли-ЯхӀу цигара дӀавахара, шен са кӀелхьардаккхархьама. ЯхӀуд-махкахь йолчу Беар-ШабаӀ-гӀала а вахана, Эли-ЯхӀус шен ялхо цигахь витира. 4 cЦхьана дийнахь некъ баллал юкъ йолчу яьссачу аренга веара Эли-ЯхӀу. Схьавеана, жолам-куллана кӀел охьа а хиъна, шена валар а доьхуш, цо элира: «ХӀинца тоьар дара-кх, Веза Эла. ДӀаэцахьа сан са, хӀунда аьлча со сайн дайл хӀумма а тоьлуш вац». 5ДӀа а вижина, оцу кулла кӀелахь наб кхийтира Эли-ЯхӀуна. ТӀаккха деанчу малико, цунах хьакха а делла, элира цуьнга: «Хьала а гӀаттий, хӀума яа». 6Эли-ЯхӀу дӀахьаьжча, цунна шен коьртехь Ӏуьллучу тӀулга тӀехь беттина хьокхам а, чохь хи долу кхаба а гира. Бепиг а диъна, хи а мелла, юха а наб кхийтира цунна. 7Везачу Элан Малик шолгӀа а тӀедеара Эли-ЯхӀуна. Цунах хьакха а делла, Малико элира: «Хьала а гӀаттий, хӀума яа, хӀунда аьлча бехха некъ бу хьуна хьалха». 8Эли-ЯхӀус, хьала а гӀаьттина, хӀума а йиира, хи а мелира. Шена тӀедеанчу гӀоранца Эли-ЯхӀус шовзткъа дийнахь а, буса а некъ бира, Хьариб цӀе йолчу Делан ломана тӀекхаччалц. 9Цигахь цхьана хьехана чу а ваьлла, цу чохь буьйса яьккхира Эли-ЯхӀус. Юха Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхӀуга: «Эли-ЯхӀу, хьо хӀун деш ву кхузахь?» 10 dЭли-ЯхӀус жоп делира: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела, ас Хьуна леррина гӀуллакх дора. Исраилан халкъо Хьоьца бина барт дӀатесна, Хьан сагӀа доккху кхерчаш бохийна, Хьан пайхамарш тур хьаькхна байина. Со цхьаъ бен висина вац, со а вен дагахь лоьхуш ву цара». 11Везачу Эло цуьнга элира: «Хьала а гӀаттий, лам тӀе а валий, Веза Эла волчу Суна хьалха дӀахӀотта. ТӀаккха хьуна уллохула тӀехвер ву Со». Оцу хенахь чӀогӀа мох белира Везачу Элана хьалха. Оцу мохо лаьмнаш а дохадора, тархаш а кегйора, амма цу махца Веза Эла вацара. Цул тӀаьхьа мохк бегийра, амма мохк бегорца а Веза Эла вацара. 12Мохк бегийначул тӀаьхьа, цӀе елира, амма цу цӀерца а Веза Эла вацара. ЦӀе чекхъяьллачул тӀаьхьа эсала а, тийна а долу аз деара. 13Иза хезча, Эли-ЯхӀус тӀехула юхучу шен бедарца юьхь дӀахьулйира. Хьеха чуьра ара а ваьлла, цу чу воллучохь хӀоьттина лаьтташ вара Эли-ЯхӀу. Цхьана озо цуьнга хаьттира: «Хьо хӀун деш ву кхузахь, Эли-ЯхӀу?» – аьлла. 14Эли-ЯхӀус жоп делира: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела, ас Хьуна леррина гӀуллакх дора. Исраилан халкъо Хьоьца бина барт дӀатесна, Хьан сагӀа доккху кхерчаш бохийна, Хьан пайхамарш тур хьаькхна байина. Со цхьаъ бен висина вац, со а вен дагахь лоьху цара». 15 eВезачу Эло цуьнга элира: «Вало, юха а верзий, хьайн новкъахула Дамасакхана уллорачу яьссачу аренга дӀагӀо. Хьо цига дӀакхаьчча, Хьазиал даьтта доттарца арамхойн паччахь хиларна къобалве. 16 fТкъа Нимшайн кӀант ЯхӀу Исраилан халкъана тӀехь паччахь хиларна даьтта тӀе доттарца къобалве. Абел-Мехьал гӀалара волу Шаптин кӀант ЭлишаӀ хьайн метта пайхамар хиларна даьтта тӀе доттарца къобалве. 17Хьазиалан туьрах веддарг ЯхӀус воьйтур ву. Ткъа ЯхӀун туьрах кӀелхьарваьлларг ЭлишаӀ-пайхамаро хӀаллаквийр ву. 18 gИсраилхошна юкъара БаӀална горахӀоьттина воцу а, цуьнан суьртана обанаш яьхна воцу а ворхӀ эзар стаг вуьтур ву Аса».ЭлишаӀе дӀакхайкхар
19Цигара дӀавахача, Шаптин кӀант ЭлишаӀ латта охуш карийра Эли-ЯхӀуна. Шийтта шуьста а боьжна, латта а охуш, ша шуьйтталгӀачу шуьстана уллохь вогӀуш вара иза. Ша ЭлишаӀана юххехула чекхволуш, Эли-ЯхӀус шен тӀехулара бедар цунна тӀе кхоьссира. 20Шен стерчий а дитина, ЭлишаӀа, ведда Эли-ЯхӀуна тӀе а веана, элира: «Сайн дега а, нене а Ӏодика а йина, схьаваийтахьа со, тӀаккха со хьоьца дӀавогӀур вара». Эли-ЯхӀус элира: «Дика ду, вало, юхаверза. Аса хьо сеца ма ца во!» 21Эли-ЯхӀу волчуьра дӀа а вахана, шина старана урс а хьаькхна, стерчийн готанах цӀе латийра цо, цу тӀехь стерчийн жижиг даттархьама. ТӀаккха и жижиг нахана дӀасадийкъира ЭлишаӀа. Наха иза диира. Ткъа ЭлишаӀ, Эли-ЯхӀуна тӀаьхьа а хӀоьттина, цунна гӀуллакх а деш, цуьнца вахара. 1 Kings 20:1-21
Арам-махкаца бина тӀом
1Арам-махкарчу паччахьо Бен-Хьадида шен дерриг эскар схьагулдира. Цуьнца цхьаьна шайн говрашца а, гӀудалкхашца а ткъе шийтта паччахь а волуш, Бен-Хьадид-паччахь, Шамран-гӀалина тӀе а вахана, цунна го а бина, гӀалина тӀелетира. 2Цо исраилхойн паччахь волчу Ахьабана тӀе, гӀала, шен геланчаш хаам бан бахийтира: 3«Бен-Хьадида иштта боху: „Хьан дети, деши – сан ду, хьан зударий, хьан тоьлла болу кӀентий – сан бу“». 4Исраилхойн паччахьо цунна жоп делира: «Ахьа ма-бохху хуьлийла иза, сан олахо волу паччахь. Со а, сан мел дерг а – хьан ду». 5Юха а баьхкира геланчаш. Цара элира: «Бен-Хьадида иштта боху: „Аса хьо волчу геланчаш хьажийра, хьоьга дӀаала аьлла: ‘Хьайн дети а, деши а, хьайн зударий а, кӀентий а суна схьало’. 6Делахь а, аса кхана, хӀоккху хенахь, сайн ялхой хьажор бу хьуна тӀе. Цара хьан цӀахь а, хьуна гӀуллакх деш болчеран цӀахь а, хӀун ю а хьаьжна, хьуна еза мел хетарг схьа а эцна, суна схьаяхьар ю“». 7Исраилхойн паччахьо шен махкахь мел волу къано схьагулвира. Цо цаьрга элира: «Тидам а беш, хьовсалаш, и стаг вайна зулам даккха воллуш ву. Бен-Хьадида ша сан зударий а, кӀентий а, сан дети а, деши а шен ду аьлча, аса цунна дуьхьало ца йира». 8ТӀаккха массо а къаноша, массо а халкъо цуьнга элира: «Цо бохучуьнга ла а ма догӀа, къар а ма ло». 9Ахьаб-паччахьо Бен-Хьадидан геланчашка элира: «Аша сан олахо волчу паччахье иштта дӀаала: „Ахьа де аьлла дуьххьара суна тӀедиллинарг хьан лай волу со кхочушдан кийча ву, ткъа ахьа хӀинца бохург дан сан йиш яц“». Геланчаша, дӀа а бахана, шайга аьлларг дӀахаийтира. 10Бен-Хьадида юха а шен геланчаш бахийтира Ахьаб-паччахьна тӀе. Цара дӀаэлира цо бохург: «Деланаша, шайн лааме хьаьвссина, луьра таӀзар дойла суна, нагахь санна, Шамран-гӀала дӀа а яьккхина, цунах йинчу ченах сан эскархошна цхьацца кан кхачийтахь». 11Исраилхойн паччахьо, цунна жоп а луш, элира: «Аша хӀара ала: „ГӀагӀ дӀадостуш волчо деш доллу дозалла ма дойла гӀагӀ дӀадоьхкуш волчо“». 12Четарш чохь кхечу паччахьашца цхьаьна чагӀар молуш Ӏаш волчу Бен-Хьадида, и дешнаш шена дӀахезча, шен эскархошка омра дира, оцу гӀалина тӀелата кечам бе аьлла. Цара Шамран-гӀалина тӀелата кечам бира. 13Цхьа пайхамар веара исраилхойн паччахьна тӀе. Цо элира: «Иштта боху Везачу Эло: „И доккха эскар гой хьуна? Аса иза тахана хьан кара дӀалур ду, Веза Эла Со вуйла хьуна дӀахаийтархьама“». 14Ахьаб-паччахьо хаьттира: «Хьаьнгахула?» Пайхамаро жоп делира: «Иштта боху Везачу Эло: „Мехкадайн эскархошкахула“». ТӀаккха Ахьаба хаьттира: «ТӀом хьан дӀаболор бу?» «Ахь болор бу», – элира цуьнга. 15Ахьаб-паччахьо мехкадайн эскархой схьакхайкхира, ткъа уьш ши бӀе ткъе шийтта хилира. Цул тӀаьхьа дерриг а эскар шена тӀекхайкхира цо, ткъа исраилхойн эскархо ворхӀ эзар вара. 16Делкъахенахь уьш тӀамца арабевлира. Ткъа четарш чохь сакъоьруш Ӏаш волу Бен-Хьадид шена гӀо деш волчу ткъе шийтта паччахьца цхьаьна, мала а мелла, вехнера. 17Уггаре а хьалха арамхошна тӀегӀоьртира мехкадайн эскархой. Паччахьан наха Шамран-гӀалара халкъ арадаьлла хилар дӀахаийтира Бен-Хьадиде. 18ТӀаккха Бен-Хьадида омра дира: «И нах дийна боллуш схьалеца – маьршачу ойланца я тӀамца уьш арабевлла белахь а», – аьлла. 19Хьалха Шамран-гӀалара мехкадайн эскархой арабевллера, ткъа царна тӀаьххье эскар а араделира. 20Царах хӀораммо а шена дуьхьалваьлла мостагӀа хӀаллаквора. ТӀаккха арамхой дӀабевдира, ткъа исраилхой царна тӀаьхьабевлира. Арам-мехкан паччахь волу Бен-Хьадид шен берешца цхьаьна дин тӀехь кӀелхьарвелира. 21Иштта тӀегӀоьртира исраилхойн паччахь. Цо, говраш а, гӀудалкхаш а хӀаллак а еш, боккха толам баьккхира арамхошна тӀехь.
Copyright information for
CheCAC2012