1 Kings 18:42-45
42 aАхьаб-паччахь яий, малий дӀавахара. Ткъа Эли-ЯхӀу Кармал-ломан бохьа тӀе велира. Цигахь цо, лаьтта кхаччалц охьа а таьӀна, шен корта голашна юккъе нисбира. 43ТӀаккха шен ялхочуьнга Эли-ЯхӀус элира: «Вало, гӀой, хӀордехьа дӀахьажа». Ялхочо, вахана, хьажа а хьаьжна, элира: «Суна-м хӀумма а ца го». Эли-ЯхӀус ворхӀазза а элира цуьнга: «Юха а гӀой, хьажа». 44Ша ворхӀазлагӀа вахана схьавеача, ялхочо элира: «Адаман кераюккъалц йолу цхьа жима марха ю хӀорда тӀера хьалайолуш». Эли-ЯхӀус элира: «Вало, Ахьаб-паччахь волчу а гӀой, цуьнга дӀаала: „Хьайн гӀудалкх а йожий, цӀа верза, догӀано хьо сацавале. Хьо хӀинцца дӀа ца водахь, догӀано сацор ву хьо“». 45Дукха хан ялале, мархаш а хӀиттира, стигал Ӏарж а елира, мох а белира. ЧӀогӀа догӀа деара. Оцу хенахь Ахьаб, шен гӀудалкха тӀе а хиъна, ИзраӀал-гӀала ваха новкъа ваьллера.
Copyright information for
CheCAC2012