‏ 1 Kings 20:1-11

Арам-махкаца бина тӀом

1Арам-махкарчу паччахьо Бен-Хьадида шен дерриг эскар схьагулдира. Цуьнца цхьаьна шайн говрашца а, гӀудалкхашца а ткъе шийтта паччахь а волуш, Бен-Хьадид-паччахь, Шамран-гӀалина тӀе а вахана, цунна го а бина, гӀалина тӀелетира. 2Цо исраилхойн паччахь волчу Ахьабана тӀе, гӀала, шен геланчаш хаам бан бахийтира: 3«Бен-Хьадида иштта боху: „Хьан дети, деши – сан ду, хьан зударий, хьан тоьлла болу кӀентий – сан бу“».

4Исраилхойн паччахьо цунна жоп делира: «Ахьа ма-бохху хуьлийла иза, сан олахо волу паччахь. Со а, сан мел дерг а – хьан ду».

5Юха а баьхкира геланчаш. Цара элира: «Бен-Хьадида иштта боху: „Аса хьо волчу геланчаш хьажийра, хьоьга дӀаала аьлла: ‘Хьайн дети а, деши а, хьайн зударий а, кӀентий а суна схьало’. 6Делахь а, аса кхана, хӀоккху хенахь, сайн ялхой хьажор бу хьуна тӀе. Цара хьан цӀахь а, хьуна гӀуллакх деш болчеран цӀахь а, хӀун ю а хьаьжна, хьуна еза мел хетарг схьа а эцна, суна схьаяхьар ю“».

7Исраилхойн паччахьо шен махкахь мел волу къано схьагулвира. Цо цаьрга элира: «Тидам а беш, хьовсалаш, и стаг вайна зулам даккха воллуш ву. Бен-Хьадида ша сан зударий а, кӀентий а, сан дети а, деши а шен ду аьлча, аса цунна дуьхьало ца йира».

8ТӀаккха массо а къаноша, массо а халкъо цуьнга элира: «Цо бохучуьнга ла а ма догӀа, къар а ма ло».

9Ахьаб-паччахьо Бен-Хьадидан геланчашка элира: «Аша сан олахо волчу паччахье иштта дӀаала: „Ахьа де аьлла дуьххьара суна тӀедиллинарг хьан лай волу со кхочушдан кийча ву, ткъа ахьа хӀинца бохург дан сан йиш яц“».

Геланчаша, дӀа а бахана, шайга аьлларг дӀахаийтира.
10Бен-Хьадида юха а шен геланчаш бахийтира Ахьаб-паччахьна тӀе. Цара дӀаэлира цо бохург: «Деланаша, шайн лааме хьаьвссина, луьра таӀзар дойла суна, нагахь санна, Шамран-гӀала дӀа а яьккхина, цунах йинчу ченах сан эскархошна цхьацца кан кхачийтахь».

11Исраилхойн паччахьо, цунна жоп а луш, элира: «Аша хӀара ала: „ГӀагӀ дӀадостуш волчо деш доллу дозалла ма дойла гӀагӀ дӀадоьхкуш волчо“».
Copyright information for CheCAC2012