1 Kings 20:12-19
12Четарш чохь кхечу паччахьашца цхьаьна чагӀар молуш Ӏаш волчу Бен-Хьадида, и дешнаш шена дӀахезча, шен эскархошка омра дира, оцу гӀалина тӀелата кечам бе аьлла. Цара Шамран-гӀалина тӀелата кечам бира. 13Цхьа пайхамар веара исраилхойн паччахьна тӀе. Цо элира: «Иштта боху Везачу Эло: „И доккха эскар гой хьуна? Аса иза тахана хьан кара дӀалур ду, Веза Эла Со вуйла хьуна дӀахаийтархьама“». 14Ахьаб-паччахьо хаьттира: «Хьаьнгахула?» Пайхамаро жоп делира: «Иштта боху Везачу Эло: „Мехкадайн эскархошкахула“». ТӀаккха Ахьаба хаьттира: «ТӀом хьан дӀаболор бу?» «Ахь болор бу», – элира цуьнга. 15Ахьаб-паччахьо мехкадайн эскархой схьакхайкхира, ткъа уьш ши бӀе ткъе шийтта хилира. Цул тӀаьхьа дерриг а эскар шена тӀекхайкхира цо, ткъа исраилхойн эскархо ворхӀ эзар вара. 16Делкъахенахь уьш тӀамца арабевлира. Ткъа четарш чохь сакъоьруш Ӏаш волу Бен-Хьадид шена гӀо деш волчу ткъе шийтта паччахьца цхьаьна, мала а мелла, вехнера. 17Уггаре а хьалха арамхошна тӀегӀоьртира мехкадайн эскархой. Паччахьан наха Шамран-гӀалара халкъ арадаьлла хилар дӀахаийтира Бен-Хьадиде. 18ТӀаккха Бен-Хьадида омра дира: «И нах дийна боллуш схьалеца – маьршачу ойланца я тӀамца уьш арабевлла белахь а», – аьлла. 19Хьалха Шамран-гӀалара мехкадайн эскархой арабевллера, ткъа царна тӀаьххье эскар а араделира.
Copyright information for
CheCAC2012