b Аюб 1:6; ЕшаӀ-ЯхӀу 6:1.
1 Kings 22:1-28
Мика-ЯхӀу-пайхамар а, Ахьаб-паччахь а
(2 Шерашкахь 18:2-27)
1Кхаа шарахь Араман халкъана а, Исраилан халкъана а юкъахь тӀом бацара. 2КхоалгӀачу шарахь яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти исраилхойн паччахьна тӀевахара. 3Исраилхойн паччахьо шен ялхошка элира: «Шуна хаьий ГалӀад-махкахь йолу Рамат-гӀала вайн юйла? Ткъа вай дуккха а хенахь дуьйна, дист а ца хуьлуш, арамхойн паччахьан карара иза схьа а ца йоккхуш, Ӏаш ду». 4Ахьаба ЯхӀушаптига элира: «Хьо вогӀур варий соьца ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелата?» ЯхӀушаптис исраилхойн паччахье Ахьабе жоп делира: «Дера вогӀур ву! Вай гергара ма ду. Сан халкъ а хьан халкъ ма ду, сан дой а хьан дой ма ду». 5ЯхӀушаптис кхидӀа исраилхойн паччахье элира: «Амма цкъа хьалха Везачу Эло хӀун боху хаттийтахьа». 6Исраилхойн паччахьо, виъ бӀе хиллал пайхамар схьа а гулвина, цаьрга хаьттира: «ГалӀадерачу Рамат-гӀала тӀамца ваха везий те со, я ваха ца веза те?» Цара жоп делира: «Ваха веза. Везачу Эло хьан кара схьалур ю иза». 7ТӀаккха ЯхӀушаптис хаьттира: «Кхин цхьа а вуй те кхузахь Везачу Элан пайхамар? Цуьнгахула а Везачу Эле хаттар дийр дара вай». 8Исраилхойн паччахьо ЯхӀушаптига элира: «Кхин а цхьа пайхамар ву, шегахула Везачу Эле хаттар дан мегар долуш. Амма суна иза ца веза, хӀунда аьлча цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен. Иза Йимлаан кӀант Мика-ЯхӀу ву». «Паччахь, ма алахьа иштта», – элира ЯхӀушаптис. 9ТӀаккха, паччахьан кертара цхьа ялхо схьа а кхайкхина, исраилхойн паччахьо цуьнга элира: «Вало, сихха Йимлаан кӀант Мика-ЯхӀу схьавалош вола». 10Исраилхойн паччахь Ахьаб а, яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти а, шаьшшинна тӀе паччахьан духарш а дуьйхина, хӀорра а шен паччахьан гӀанта тӀе охьахиъна вара. Уьш Шамран-гӀалин кевнехьа йолчу хьаьттарехь бара. Берриге а пайхамарш бара, пайхамаралла а деш, царна хьалха дӀахӀиттина. 11КинаӀанан кӀанта ЦӀадукъ-ЯхӀус, шена тӀе аьчка маӀаш а ехкина, элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Арамхой хӀаллакбина охьабахккалц хӀара маӀаш Ӏуьттур ю ахьа царна“». 12Массо а пайхамаро а, цхьатерра хаам а беш, бохура: «ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелата, дерриг а кхиамца чекхдер ду. Везачу Эло паччахьан кара схьалур ю иза». 13Мика-ЯхӀуга схьакхайкха ваханчу стага цуьнга элира: «Пайхамарша, шаьш хиндолчух хаамаш бечу хенахь, массара а цхьатерра паччахьна диканиг олу. Хьан дош а хилахьара цара хӀораммо а бохучух терра. Ахьа а диканиг алахьа». 14Мика-ЯхӀус цуьнга элира: «Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо аса, сайга Везачу Эло боххург айса дӀаэриг хилар». 15Пайхамар паччахьна тӀевеара. Паччахьо Мика-ЯхӀу-пайхамаре хаьттира: «Мика-ЯхӀу! Ваха везий те со тӀамца ГалӀадерачу Рамат-гӀала я ца веза?» Мика-ЯхӀу-пайхамаро паччахье элира: «ДӀагӀо хьо. Кхиам хир бу хьан. Везачу Эло хьан кара схьалур ю хьуна иза». 16ТӀаккха паччахьо цуьнга элира: «Мосазза чӀагӀо яйта еза те аса хьоьга, Везачу Элан дуьхьа билггал бакъдерг бен соьга хӀумма а ма алахьара аьлла?» 17 aТӀаккха Мика-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Суна хьалха Делера сурт хӀоьтти, массо а исраилхой, шайна тӀехь Ӏу воцу уьстагӀий санна, лаьмнашкахула дӀасабаьржина. ТӀаккха Везачу Эло элира: „Вац царна тӀехь хьаькам, уьш хӀорра а шен цӀа маьрша вухавоьрзийла“». 18Исраилхойн паччахьо ЯхӀушаптига элира: «Аса элирий хьоьга, цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен!» 19 bТӀаккха Мика-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Ткъа хӀинца Везачу Эло бохучуьнга ладогӀа! Суна гира, Веза Эла Шен Ӏаршана тӀе охьахиъна Ӏаш, ткъа стигаларчу гуламан массо а декъашхой Цунна уллохь лаьттара – Цуьнан аьтту а, аьрру а агӀор. 20Везачу Эло элира: „Шух хьан тӀеерзор яра Ахьабан ойла, иза тӀамца ГалӀадерачу Рамат-гӀала а вахана, цигахь хӀаллакьхилийтархьама?“Цхьаммо цхьаъ олура, вукхо важа олура. 21ТӀаккха стигаларчу гуламан цхьана декъашхочо, Везачу Элана хьалха дӀа а хӀоьттина, элира: „Аса дийр ду“. Везачу Эло хаьттира: „Муха?“ 22Стигалара гуламан оцу декъашхочо жоп делира: „Аса, вахана, цуьнан мел болчу пайхамаршка харцдерг олуьйтур ду“. Везачу Эло элира: „Ахьа иза берта а валаве, хьо ларор ву иза дан. Ваха а гӀой, иштта де ахьа“. 23Иштта, Везачу Эло оцу хьан массо а пайхамаршка хьоьга харцдерг алийтира. Везачу Эло хьуна тӀе бохам баийта сацам ма бира!» 24ТӀаккха КинаӀанан кӀанта ЦӀадукъ-ЯхӀус, Мика-ЯхӀу-пайхамаран бесни тӀе тӀара а тоьхна, элира: «И бохург хӀун ду? Везачу Элан Са хьоьгахула хаам бархьама, сох дӀакъаьстина ткъа?» 25Мика-ЯхӀус элира: «Хьажал, хьо къайлавалархьама чухуларчу цхьана чоьнна чу ваханчу дийнахь иза хуур ду хьуна». 26Исраилхойн паччахьо элира: «Мика-ЯхӀу-пайхамар схьа а лаций, гӀалин хьаькамна Аминна тӀе а, паччахьан кӀантана Юашина тӀе а вига. 27Аша цаьрга дӀаала: „Иштта боху паччахьо: ‘ХӀара стаг набахти чу волла. Со маьрша цӀа верззалц, кӀеззиг бепиг а, хи а бен, хӀумма а ма ло цунна’“». 28Мика-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Нагахь хьо маьрша вухаверзахь, соьгахула хаам бинарг Веза Эла ца хилла». Кхин а цо элира: «Дерриг а халкъо ладогӀа аса аьллачуьнга!»
Copyright information for
CheCAC2012