‏ 1 Kings 22:29-35

Ахьаб-паччахьан валар

(2 Шерашкахь 18:28-34)

29Исраилхойн паччахь а, яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти а ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелетира. 30Ахьаб-паччахьо ЯхӀушапти-паччахье элира: «Аса, со мила ву къайладаккхархьама, сайна тӀера духар а хийцина, тӀом дӀаболор бу. Ткъа ахьа хьайн паччахьан духар тӀедуха». Иштта, ша мила ву къайладаккхархьама, шена тӀе хийцина хӀума а юьйхина, тӀом дӀаболийра исраилхойн паччахьо.

31Арамхойн паччахьо шен ткъе шийтта тӀеман гӀудалкхийн хьаькаме омра динера: «Царах я жимачуьнца а, я воккхачуьнца а тӀом ма бе, веккъа цхьана исраилхойн паччахь воцучуьнца», – аьлла. 32ЯхӀушапти шайна гича, гӀудалкхийн хьаькамашна иза билггал исраилхойн паччахь ву моьттира. Арамхой цунна тӀебуьйлабелира, тӀелата дагахь. ЯхӀушаптис мохь хьаькхча, 33иза исраилхойн паччахь воций а хиъна, гӀудалкхийн хьаькамаш цунна тӀаьхьабевллачуьра севцира. 34Цу хенахь цхьана стага ларамаза пха кхоьссира. И пха исраилхойн паччахьна тӀехь долчу гӀаьгӀнан дакъошна юккъе кхийтира, цо паччахьна чов йира. Шен гӀудалкх лелош волчуьнга Ахьаб-паччахьо элира: «Юха а верзий, тӀом бечу меттера дӀаваккха со – суна чов йина».

35Амма цу дийнахь тӀом чӀагӀбелира, ткъа Ахьаб-паччахь арамхошна дуьхьал лаьттачу шен гӀудалкха чохь лоттуьйтура. Паччахьан цӀий гӀудалкхан буха охьаоьхура, ткъа суьйранна иза велира.
Copyright information for CheCAC2012