1 Kings 22:41-50
ЯхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти
(2 Шерашкахь 20:31–21:1)
41Асин кӀант ЯхӀушапти яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттира, исраилхойн паччахьо Ахьаба паччахьалла до доьалгӀа шо долуш. 42ЯхӀушапти паччахь дӀахӀуттуш, цуьнан ткъе пхийтта шо дара. Цо ткъе пхеа шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цӀе Ӏазубат яра. Иза Шилхьайн йоӀ яра. 43Массо а гӀуллакхашкахь ЯхӀушапти шен ден Асин новкъахула лелаш вара. Иза цу некъа тӀера дӀа а ца велира, Везачу Элан лаамехь а лийлира. Делахь а, тӀехь сагӀа доккху гунаш цо дӀадахаза дисина дара, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора. 44ЯхӀушаптис исраилхойн паччахьца машар латтийтира. 45ЯхӀушаптин кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цуьнан майрачу гӀуллакхех а, цо бинчу тӀамах а лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 46Шен дас Асас паччахьалла дечу хенахь дуьйна бисина болу, цӀуйн дуьхьа сийсаза лелаш болу «базбина» божарий а, хӀаллакбина, дӀабехира цо махкара. 47Оцу хенахь Эдом-махкахь паччахь вацара. Цигахь олалла деш яхӀудхойн паччахьан мехкада вара. 48ЯхӀушаптис хӀордкеманаш дайтира, Апар-махкара деши схьадархьама. Амма уьш цига дӀа ца кхечира. Новкъахь Ӏецйон-ГӀебаре дӀакхочуш хӀордкеманаш, доха а доьхна, хӀаллакьхилира. 49ТӀаккха Ахьабан кӀанта Ахьаз-ЯхӀус ЯхӀушаптига элира: «Сан ялхой хьан ялхошца цхьаьна бахийта вай хӀордкеманаш тӀехь?» Амма ЯхӀушапти реза ца хилира иза дан. 50ЯхӀушапти, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза царна уллохь, Даудан гӀалахь, дӀавоьллира. ЯхӀушаптин метта паччахь хилира цуьнан кӀант ЯхӀурам.
Copyright information for
CheCAC2012