1 Kings 3:1-15
Сулим-паччахьан доӀа
(2 Шерашкахь 1:3-12)
1Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунца гергарло тесира Сулим-паччахьо, цуьнан йоӀ шена а ялийна. Шен паччахьан цӀа а, Везачу Элан цӀа а, керт а, Ярушалайм-гӀалина гонах йолу тӀулган керт а дӀахӀоттаяллалц, Даудан гӀала ялийра Сулим-паччахьо пирӀунан йоӀ. 2Везачу Элан цӀе язъян лерина долу цӀа цкъа хӀинца а дина дӀахӀоттоза дара, цундела халкъо цкъачунна гунаш тӀехь доккхура сагӀа. 3Шен дас Дауда шена ма-хьеххара, дерриг а кхочушдеш, Везачу Эле шен болу безам гойтура Сулим-паччахьо. Амма Сулим-паччахьо ша а цкъа хӀинца Везачу Элана сагӀа дар а, хаза хьожа йогӀу хӀума ягийтар а сагӀа доккхучу гунаш тӀехь дора. 4Иштта, шен ГавӀон цӀе йолчу гӀала вахара Сулим-паччахь, цигахь сагӀа даккхархьама, сагӀа даккхаран коьрта барз оцу гӀалахь лаьтташ болу дела. Цигахь долчу сагӀа доккхучу кхерчан тӀехь эзар дийнат дагоран сагӀа доккхура Сулим-паччахьо. 5ГавӀон-гӀалахь, Сулим-паччахь вижна волуш, гӀенах Дела дуьхьалхӀоьттира цунна. «Деха хьайна луъург», – элира Дала. 6Ткъа Сулим-паччахьо жоп делира: «Хьайн лай волу сан да Дауд Хьуна хьалха тешаме а, бакъахьара а, дог цӀена а леларна, Ахь цунна доккха дика дина. Цунна кӀант а велла, иза, хӀинца долуш ма-дарра, цуьнан паччахьан гӀантана тӀе а хаийна, Ахь цунна дина и доккха дика цунна тӀехь битира Ахьа. 7Ткъа хӀинца, сан Веза Дела, Хьайн лай волу со дӀахӀоттийна Ахьа, паччахь а вина, сан ден Даудан метта. Амма со хӀинца а бер санна ву. Сан хӀинца а хьекъал ца кхочу, айса дан дезарг кхочушдан. 8Ахьа хаьржина долчу, дагардина ца валлал дукха долчу Хьан халкъана юкъара Хьан лай ву со. 9Доьху Хьоьга, лохьа Хьайн лай волчу суна хьекъалалла, Хьан халкъана юкъахь нийсаниг лело а, кхелахо хила а. Ӏамавехьа со дика а, вон а къасто. И хьекъал ца хилча, хӀокху Хьан оццул дукха долчу халкъана тӀехь урхалла хьаьнга далур ду?» 10Сулим-паччахьо дехначунна резахилира Веза Эла. 11Дала элира цуьнга: «Ахьа хьайн дуьненахь йоккху хан яхъяр а ца доьхуш, хьайна хьал хилийтар а ца доьхуш, хьайн мостагӀийн синош хӀаллакдар а ца доьхуш, хьайна хьекъал-кхетам балар дехарна, кхел ечу хенахь нийса сацам бархьама, 12лур ду Ас хьуна ахьа доьххург. Ас лур ду хьуна хьекъаллий, кхетаммий, кхин хьо саннарг хьол хьалха цкъа а ца хиллачу тайпана а, кхин хӀинца чул тӀаьхьа хьо саннарг хир а воцучу тайпана а. 13Ахьа ца дехнарг а лур ду Ас хьуна. Алссам хьал а, сийлалла а лур ду Ас хьуна, хьо велла дӀаваллалц, хьо санна паччахь кху дуьненахь кхин хир воцучу тайпана. 14Нагахь хьо Сан некъашца а лелахь, Ас тӀедехкинарш а, Сан весеташ а кхочушдеш хьо лелахь, хьан да Дауд ма-леллара, Ас яхйийр ю хьан вахаран хан а». 15Ша самаваьлча, Сулим кхийтира, иза гӀан хиллий. ТӀаккха Ярушалайм-гӀала юха а вирзина, Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказна хьалха а хӀоьттина, шен а, халкъан а сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь сагӀа даьккхира Сулим-паччахьо. Уьш дара дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш. ТӀаккха доккха той хӀоттийра паччахьо шен массо а ялхошна.
Copyright information for
CheCAC2012