‏ 1 Kings 7:15-22

ЦӀестан ши бӀогӀам

(2 Шерашкахь 3:15-17)

15Кхин а цӀестан ши бӀогӀам бира Хьирама. ХӀора бӀогӀаман лакхалла берхӀитта дол, ткъа гобаьккхина йолу шоралла шийтта дол яра. 16Оцу бӀогӀамашна тӀехула дилла цӀастанах таж доьттира Хьирама. Церан хӀораннан лакхалла пхи дол яра. 17БӀогӀамашна тӀехула динчу таьжнийн куц далийнера, царна тӀе юьйцинчу зӀенех бойнан суьрташ а дина. Уьш хӀора тажана тӀехь ворхӀ-ворхӀ яра. 18ТӀаккха оцу бойнна гонах бӀогӀамашна тӀехь долчу тажана тӀехула цӀастанах дина тӀедехкина ши могӀа наран стоьмаш бара. Оццу кепара а шолгӀачу бӀогӀамна тӀера тажана тӀе а дехкира уьш.

19ЦӀенна хьалхарчу ученех гӀортийна дӀахӀиттийначу хазачу бӀогӀамашна тӀехь таьжнаш дара. Уьш петӀамат-зезагах тардинера, лакхалла диъ дол долуш. 20Оцу шина бӀогӀам тӀехь долчу таьжнашна гонах йолчу бойнна уллохь гобаьккхина могӀанашца тӀедехкина ши бӀе наран стоьмийн куьцехь сурт дара. 21Везачу Элан цӀа чу воллучохь, учехь, цӀестан ши бӀогӀам дӀахӀоттийра Хьирама. Цхьа бӀогӀам къилбехьа хӀоттийра цо, цунна «Якин» аьлла цӀе тиллира Хьирама (и цӀе «Дала дӀахӀоттор» бохучух тера ду). Ткъа важа къилбаседехьа дӀахӀоттийра. Цунах «БоӀаз» элира (иза «Делан нуьцкъалаллех дерг» бохучух тера ду). 22Иштта дехкира оцу бӀогӀамашна тӀе петӀамат-зезаган куьцехь долу таьжнаш.

Иштта чекхбелира Хьираман бӀогӀамаш дӀахӀотторан болх.
Copyright information for CheCAC2012