1 Kings 7:23-26
ЦӀастанах бина хӀорд
(2 Шерашкахь 4:2-5)
23ТӀаккха лалийначу цӀастанах дукха боккха яй бира Хьирама. Цуьнан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц болу барам итт дол бара. Пхи дол кӀорга а бара иза. Оцу ен го ткъе итт дол бара. 24Цуьнан йистошкахула гобаьккхина шина могӀара дехкина цӀестан гӀабакхийн суьрташ дара. И суьрташ оцу енаца цхьаьна ийна дара. 25И боккха цӀестан яй шийтта цӀестан старана тӀехь лаьтташ бара. Кхо цӀестан сту къилбаседехьа берзийна бара, кхин кхоъ малхбузехьа, важа кхоъ къилбехьа, бисина кхоъ малхбалехьа берзийнера. ЦӀестан яй церан баккъашна тӀе биллина бара, ткъа стерчийн тӀехьенаш ен бухан юккъехьа ерзийна яра. 26Оцу ен стоммалла куьйган кераюккъалц яра, ткъа цуьнан йистош дӀаделладеллачу петӀамат-зезаган куьцехь дара. Оцу ена чу кхузткъе итт эзар чами кхоччуш хи доьдура.
Copyright information for
CheCAC2012