a Арадаккхар 30:17-21.
1 Kings 7:23-39
ЦӀастанах бина хӀорд
(2 Шерашкахь 4:2-5)
23ТӀаккха лалийначу цӀастанах дукха боккха яй бира Хьирама. Цуьнан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц болу барам итт дол бара. Пхи дол кӀорга а бара иза. Оцу ен го ткъе итт дол бара. 24Цуьнан йистошкахула гобаьккхина шина могӀара дехкина цӀестан гӀабакхийн суьрташ дара. И суьрташ оцу енаца цхьаьна ийна дара. 25И боккха цӀестан яй шийтта цӀестан старана тӀехь лаьтташ бара. Кхо цӀестан сту къилбаседехьа берзийна бара, кхин кхоъ малхбузехьа, важа кхоъ къилбехьа, бисина кхоъ малхбалехьа берзийнера. ЦӀестан яй церан баккъашна тӀе биллина бара, ткъа стерчийн тӀехьенаш ен бухан юккъехьа ерзийна яра. 26Оцу ен стоммалла куьйган кераюккъалц яра, ткъа цуьнан йистош дӀаделладеллачу петӀамат-зезаган куьцехь дара. Оцу ена чу кхузткъе итт эзар чами кхоччуш хи доьдура.ЦӀестан кӀелхӀотторгаш
27ТӀаккха итт цӀестан кӀелхӀотторг йира Хьирама. Уьш, чкъургаш тӀехь а йолуш, меттахъяхалуш яра. ХӀора кӀелхӀотторган яхалла а, шоралла а диъ дол, ткъа лакхалла кхо дол яра. 28И кӀелхӀотторгаш иштта йинера: церан деакӀов пенаш дара, уьш гурашна тӀе хаийнера. 29Гурашна чухула долчу пенашна тӀе а, гурашна тӀе а лоьмийн а, стерчийн а, каруб-маликийн а суьрташ дехкинера. Ткъа оцу лоьмийн а, стерчийн а суьрташна лакхахула а, лахахула а цӀастанах дина дикка дӀасадаьржина долу таьжнаш дара. 30ХӀора кӀелхӀотторган йиъ-йиъ чкъург а, семанаш а яра. ХӀора сонехь ена тӀехуттуш йина гӀортораш яра. Оцу гӀорторашна тӀехь цӀастанах дина тӀедиллина таьжнаш дара. 31Ткъа гӀорторана тӀехула даьккхина Ӏуьрг дара, цхьа дол хиллал кӀорга а долуш. И Ӏуьрг горга дара, цуьнан гонан барам цхьа дол ах дол бара. Ӏуьргашна тӀехула аьгна даьхна суьрташ дара. КӀелхӀотторган агӀонашна тӀера пенаш, горга а доцуш, деакӀов дара. 32Пенашна кӀел йиъ чкъург яра, ткъа церан семанаш гӀорторашна тӀе чӀагӀйина яра. ХӀора чкъурган гонан шоралла цхьа дол ах дол барамехь яра. 33ХӀора чкъург яра гӀудалкхийн чкъургаш санна йина. Семанаш а, чкъурган хӀазарш а, чӀораш а, чкъурган милкаш а цӀастанах йина яра. 34ХӀора кӀелхӀотторган беа сонехь цхьацца гӀортор яра. Ткъа хӀора гӀортор оцу кӀелхӀотторгах цхьаьна хоьттина йина яра. 35КӀелхӀотторган боххьехь бина горга гу бара. Цуьнан лакхаллин барам ах дол бара, иза а тӀехӀоьттина, дийна цхьаъ болуш санна, боьттина бара кӀелхӀотторгана тӀе. 36Оцу кӀелхӀотторган пенаш тӀехь а, массо а меттиг йоллучохь а каруб-маликийн а, лоьмийн а, хурманийн диттийн а, аьгна даьхна суьрташ дехкира Хьирама. 37Иштта, итт кӀелхӀотторг йинера Хьирама. Уьш ерриш а цӀастанах йоьттина яра, церан хӀораннан а цхьа барам а бара, цхьа кеп а яра. 38 aТӀаккха цӀестан итт юьхь-куьг дуьлург йира Хьирама, уьш хӀора а диъ дол барамехь яра. ХӀора юьхь-куьг дуьлургана чу биъ бӀе чами хи доьдура. Уьш оцу йина дӀахӀоттийна йолчу итт кӀелхӀотторгна тӀе йиллира. 39Пхи кӀелхӀотторг къилбехьа агӀор, ткъа важа пхиъ къилбаседехьа, аьрру агӀор дӀахӀоттийра Хьирама. Везачу Элан цӀийнан къилба-малхбалехьа агӀор дӀахӀоттийра цо чохь хи долу и боккха цӀестан яй.
Copyright information for
CheCAC2012