1 Kings 7:23-51
ЦӀастанах бина хӀорд
(2 Шерашкахь 4:2-5)
23ТӀаккха лалийначу цӀастанах дукха боккха яй бира Хьирама. Цуьнан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц болу барам итт дол бара. Пхи дол кӀорга а бара иза. Оцу ен го ткъе итт дол бара. 24Цуьнан йистошкахула гобаьккхина шина могӀара дехкина цӀестан гӀабакхийн суьрташ дара. И суьрташ оцу енаца цхьаьна ийна дара. 25И боккха цӀестан яй шийтта цӀестан старана тӀехь лаьтташ бара. Кхо цӀестан сту къилбаседехьа берзийна бара, кхин кхоъ малхбузехьа, важа кхоъ къилбехьа, бисина кхоъ малхбалехьа берзийнера. ЦӀестан яй церан баккъашна тӀе биллина бара, ткъа стерчийн тӀехьенаш ен бухан юккъехьа ерзийна яра. 26Оцу ен стоммалла куьйган кераюккъалц яра, ткъа цуьнан йистош дӀаделладеллачу петӀамат-зезаган куьцехь дара. Оцу ена чу кхузткъе итт эзар чами кхоччуш хи доьдура.ЦӀестан кӀелхӀотторгаш
27ТӀаккха итт цӀестан кӀелхӀотторг йира Хьирама. Уьш, чкъургаш тӀехь а йолуш, меттахъяхалуш яра. ХӀора кӀелхӀотторган яхалла а, шоралла а диъ дол, ткъа лакхалла кхо дол яра. 28И кӀелхӀотторгаш иштта йинера: церан деакӀов пенаш дара, уьш гурашна тӀе хаийнера. 29Гурашна чухула долчу пенашна тӀе а, гурашна тӀе а лоьмийн а, стерчийн а, каруб-маликийн а суьрташ дехкинера. Ткъа оцу лоьмийн а, стерчийн а суьрташна лакхахула а, лахахула а цӀастанах дина дикка дӀасадаьржина долу таьжнаш дара. 30ХӀора кӀелхӀотторган йиъ-йиъ чкъург а, семанаш а яра. ХӀора сонехь ена тӀехуттуш йина гӀортораш яра. Оцу гӀорторашна тӀехь цӀастанах дина тӀедиллина таьжнаш дара. 31Ткъа гӀорторана тӀехула даьккхина Ӏуьрг дара, цхьа дол хиллал кӀорга а долуш. И Ӏуьрг горга дара, цуьнан гонан барам цхьа дол ах дол бара. Ӏуьргашна тӀехула аьгна даьхна суьрташ дара. КӀелхӀотторган агӀонашна тӀера пенаш, горга а доцуш, деакӀов дара. 32Пенашна кӀел йиъ чкъург яра, ткъа церан семанаш гӀорторашна тӀе чӀагӀйина яра. ХӀора чкъурган гонан шоралла цхьа дол ах дол барамехь яра. 33ХӀора чкъург яра гӀудалкхийн чкъургаш санна йина. Семанаш а, чкъурган хӀазарш а, чӀораш а, чкъурган милкаш а цӀастанах йина яра. 34ХӀора кӀелхӀотторган беа сонехь цхьацца гӀортор яра. Ткъа хӀора гӀортор оцу кӀелхӀотторгах цхьаьна хоьттина йина яра. 35КӀелхӀотторган боххьехь бина горга гу бара. Цуьнан лакхаллин барам ах дол бара, иза а тӀехӀоьттина, дийна цхьаъ болуш санна, боьттина бара кӀелхӀотторгана тӀе. 36Оцу кӀелхӀотторган пенаш тӀехь а, массо а меттиг йоллучохь а каруб-маликийн а, лоьмийн а, хурманийн диттийн а, аьгна даьхна суьрташ дехкира Хьирама. 37Иштта, итт кӀелхӀотторг йинера Хьирама. Уьш ерриш а цӀастанах йоьттина яра, церан хӀораннан а цхьа барам а бара, цхьа кеп а яра. 38 aТӀаккха цӀестан итт юьхь-куьг дуьлург йира Хьирама, уьш хӀора а диъ дол барамехь яра. ХӀора юьхь-куьг дуьлургана чу биъ бӀе чами хи доьдура. Уьш оцу йина дӀахӀоттийна йолчу итт кӀелхӀотторгна тӀе йиллира. 39Пхи кӀелхӀотторг къилбехьа агӀор, ткъа важа пхиъ къилбаседехьа, аьрру агӀор дӀахӀоттийра Хьирама. Везачу Элан цӀийнан къилба-малхбалехьа агӀор дӀахӀоттийра цо чохь хи долу и боккха цӀестан яй.Везачу Элан цӀа а, керт а хазъян Хьирама йина хӀуманаш
(2 Шерашкахь 4:11–5:1)
40Иштта Хьирама кхин а дира тесаш, кегий белаш, кегий кедаш. ТӀаккха чекхбехира Хьирама Везачу Элан цӀийнан кертахь Сулим-паччахьна беш болу берриг а белхаш. 41Иштта ши бӀогӀам а буьйгӀира Хьирама,царна гонах таьжнийн ши го а бира.
ТӀаккха оцу таьжнийн суьрташ тӀедехкина долчу бӀогӀамийн боххьехь бойнан ши сурт диллира цо.
42Оцу бойнан шина суьрта тӀе диъ бӀе цӀестан нар-стоьмаш дира Хьирама. И стоьмаш оцу бӀогӀамашна тӀе дехкинчу таьжнашна тӀерачу бойнийн суьрташ тӀе дехкира шишша могӀа.
43Иштта йира цо итт юьхь-куьг дуьлург, шайна бухахь итт кӀелхӀотторг а йолуш.
44Хи чудотта цхьа цӀестан яй, цунна бухара шийтта цӀестан сту а,
45тесаш а, белаш а, кедаш а дира Хьирама.
Везачу Элан цӀийнан кертахь мел йина хӀума а, заьнгала динчу цӀастанах йинера цо Сулим-паччахьна. 46И дерриг а хӀума Йордан-хин йистехь, сацкъаран латта тӀехь йоттийтира Сулим-паччахьо. Иза дара Сакхат а, ЦӀартан а олучу меттигашна юккъехь. 47И ерриг хӀума а Сулим-паччахьо шен-шен метте дӀахӀоттаяйтира. И хӀуманаш тӀех дукха хиларна, уьш еш дайчина цӀастанан барам буста а ца лора. 48 bЦу тайпана деших массо а хӀума а яйтинера Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀенна. Уьш яра: хаза хьожа йоуьйту хӀума яго дашо кхерч,
Далла лерина бепиг тӀедуьллуш йолу дашо стол;
49 cцӀеначу деших боьттина болу стогарш (пхиъ аьтту агӀор, важа пхиъ оцу уггар езачу чухуларчу чоьнна аьрру агӀор хӀиттийна йолу),
зезагийн суьрташ,
чӀурам хӀотторгаш, морзахаш,
50бошхепаш, тукарш, боганаш, хаза хьожа йогӀу хӀума чу юьллуш долу кедаш, богуш болу кӀора дӀасабахьа нойш цӀеначу деших дина еш;
уггар езачу чоьнан чуьра неӀарийн а, Делан цӀийнан вукху неӀарийн а кӀажаш, деших дина долу.
51 dИштта чекхбаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀенна шена бан лиъна болу берриг белхаш. Шен дас, Дауда, Везачу Элана лерина лелош хилла мел йолу сийлаллин-еза хӀуманаш цу цӀа чу ехкира Сулим-паччахьо. Везачу Элан цӀийнан хазни чу деши а, дети а, кхин йолу хӀуманаш а дӀаелира Сулим-паччахьо.
Copyright information for
CheCAC2012