1 Kings 7:40-47
Везачу Элан цӀа а, керт а хазъян Хьирама йина хӀуманаш
(2 Шерашкахь 4:11–5:1)
40Иштта Хьирама кхин а дира тесаш, кегий белаш, кегий кедаш. ТӀаккха чекхбехира Хьирама Везачу Элан цӀийнан кертахь Сулим-паччахьна беш болу берриг а белхаш. 41Иштта ши бӀогӀам а буьйгӀира Хьирама,царна гонах таьжнийн ши го а бира.
ТӀаккха оцу таьжнийн суьрташ тӀедехкина долчу бӀогӀамийн боххьехь бойнан ши сурт диллира цо.
42Оцу бойнан шина суьрта тӀе диъ бӀе цӀестан нар-стоьмаш дира Хьирама. И стоьмаш оцу бӀогӀамашна тӀе дехкинчу таьжнашна тӀерачу бойнийн суьрташ тӀе дехкира шишша могӀа.
43Иштта йира цо итт юьхь-куьг дуьлург, шайна бухахь итт кӀелхӀотторг а йолуш.
44Хи чудотта цхьа цӀестан яй, цунна бухара шийтта цӀестан сту а,
45тесаш а, белаш а, кедаш а дира Хьирама.
Везачу Элан цӀийнан кертахь мел йина хӀума а, заьнгала динчу цӀастанах йинера цо Сулим-паччахьна. 46И дерриг а хӀума Йордан-хин йистехь, сацкъаран латта тӀехь йоттийтира Сулим-паччахьо. Иза дара Сакхат а, ЦӀартан а олучу меттигашна юккъехь. 47И ерриг хӀума а Сулим-паччахьо шен-шен метте дӀахӀоттаяйтира. И хӀуманаш тӀех дукха хиларна, уьш еш дайчина цӀастанан барам буста а ца лора.
Copyright information for
CheCAC2012