1 Kings 8:1-9
Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ Делан цӀа чу диллар
(2 Шерашкахь 5:2–6:2)
1 aЦул тӀаьхьа Исраилан халкъан къаной а, исраилхойн тайпанийн а, гаранийн а, доьзалийн а берриг а баьччанаш, ша Ӏаш волчу Ярушалайм-гӀала шена тӀекхайкхира Сулим-паччахьо, хьалха Цийон цӀе йолуш хиллачу Даудан гӀалара Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ схьадаийтархьама. 2 bИштта Этаним олучу шеран ворхӀалгӀачу беттан дезачу деношкахь ▼▼Дезачу деношкахь – схьахетарехь, адамаш кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош ду уьш.
дерриг а Исраилан халкъ Сулим-паччахь волчу гулделира. 3Исраилхойн массо а къаной цига баьхкича, динан дайша бертан тӀорказ схьаийцира. 4Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ а, гуламан четар а, цу чохь мел хиллачу сийлаллин-езачу хӀуманашца, схьа а эцна, дӀадаьхьира динан дайша а, левихоша а. 5Ткъа Сулим-паччахь а, цуьнца цхьаьна иза волчу гулделла Исраил-мехкан дерриг халкъ а оцу дезачу тӀорказна хьалха бара. Цара Далла лерина дийнатийн сагӀанаш дохура. Далийна бежанаш а, жа а дукха хиларна дагар а ца далора. 6ТӀаккха динан дайша Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ, схьа а эцна, Делан цӀийнан чухуларчу а, уггар езачу а чоьн чохь йолчу шен метте дӀахӀоттийра, каруб-маликийн суьртийн тӀемашна кӀел. 7ХӀунда аьлча оцу маликийн суьртийн тӀемаш цу тӀорказна тӀехула дӀасадаржийна дара, цундела тӀорказ а, цуьнан гӀуркхаш а дӀахьулдора цара. 8И гӀуркхаш деха хиларна, церан юьхьигаш гучуйолура езачу чоьнна чуьра уггар езачу чухуларчу чоьнна хьалха агӀор. Амма арахула и юьхьигаш гуш яцара. Уьш тахханалц а лаьтташ ю цу чохь. 9 dОцу дезачу тӀорказ чохь, Мусас чуйиллина йолу тӀулган ши экъа йоцург, кхин хӀумма а яцара. И тӀулган экъанаш Муса-пайхамаро ехкинера, Хьариб олучу меттигехь Везачу Эло Исраилан халкъаца барт а бина, уьш Мисар-махкара арабаьхначул тӀаьхьа.
Copyright information for
CheCAC2012