1 Kings 8:12-21
12 aТӀаккха Сулим-паччахьо элира: «Везачу Эло малх кхоьллина стигалахь иза къагийта ▼▼...малх кхоьллина, стигалахь иза къагийта – и дешнаш ду цхьана ширачу гочдар чохь, ткъа Ӏебархойн маттахь уьш дац.
,ткъа Шен боданехь Ӏан лаам бу аьллера Цо.
13Амма аса Хьуна исбаьхьа цӀа дӀахӀоттийна,
Хьо цу чохь абаденналц вахийта».
Сулим-паччахьо халкъе дӀахьедар до
(2 Шерашкахь 6:3-11)
14Дерриг а Исраилан халкъ дара цигахь лаьтташ. Халкъехьа а вирзина, Сулим-паччахьо декъалдира и халкъ. 15ТӀаккха паччахьо элира: «Декъала ву Исраилан халкъан Веза Дела, сан дена Даудана, Ша делла дош Шен куьйгаца кхочушдина Волу! Цо аьллера сан дега: 16 c„Мисар-махкара Сайн Исраилан халкъ Айса арадаьккхичхьана дуьйна схьа, Исраилан тайпанийн мехкашкара цхьа а гӀала ца къастийра Аса, Сан цӀе язъян лерина цӀа хилийтархьама. Амма хӀинца Дауд-паччахь хаьржина Ас ▼▼...Дауд-паччахь хаьржина Ас... – Грекийн гочдар тӀехь: ...Ярушалайм-гӀала а хаьржина Ас, Дауд-паччахь а хаьржина Ас...
Сайн Исраилан халкъана тӀехь олалла дайта!“ 17 eСан дена Даудана чӀогӀа лиира Исраилан халкъан Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа дӀахӀотто. 18Амма Везачу Эло аьллера сан дега Дауде: „Суна хаьа, Сан цӀе язъян лерина долу цӀа хӀоттадан хьан чӀогӀа лаам хилар. Хьуна и лаар дика ду. 19 fАмма хьо вац Аса и цӀа дӀахӀотто хаьржинарг. Хьох ваьлла волчу хьан кӀанта дийр ду Сан цӀе язъян лерина долу цӀа“. 20Иштта Везачу Эло Ша делла дош кхочушдира. Сан ден метта Исраил-мехкан паччахьан гӀанта тӀе хиира со, хӀинца со паччахь а ву, Везачу Эло ма-аллара. Аса Исраилан халкъан Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа а дӀахӀоттийна. 21Везачу Эло вайн дай Мисар-махкара арабаьхча, Ша цаьрца бина барт тӀеязбина йолу тӀулгийн экъанаш чу йохку деза тӀорказ латто меттиг кечйина аса оцу цӀа чохь».
Copyright information for
CheCAC2012