‏ 1 Kings 8:22-53

Сулим-паччахьо дина доӀа

(2 Шерашкахь 6:12-42)

22ТӀаккха Сулим-паччахьо, сагӀа доккхучу Везачу Элан кхерчана хьалха дӀа а хӀоьттина, гулделлачу массо а Исраилан халкъана хьалха, куьйгаш стигала хьала а дахийтина, 23элира: «Ва Исраилан халкъан Веза Дела, вац Хьох тера волу Дела я лакхахь стигалшкахь, я лахахь лаьтта тӀехь! Вайна юкъахь болу барт лар а беш, цунна Хьо тешаме хуьлу доггах Хьайна тӀаьхьа хӀоьттинчу Хьайн лешна. 24Ахь кхочушдина Хьайн лай волчу сан дена Даудана Айхьа делла дош. Ахьа иза Хьайн багара даьккхинера, ткъа тахана Хьайн куьйгаца кхочушдина. 25 aТкъа хӀинца Исраилан халкъан Веза Дела, кхочушдехьа Хьайн лай волчу Дауде, сан дега, Айхьа аьлларг: „Нагахь хьан тӀаьхьенах болчара, хьо Суна хьалха ма-леллара а лелаш, шайн некъаш тешаме хиларца лардахь, даим а хьан тӀаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тӀехь“. 26Ткъа хӀинца, Исраилан халкъан Дела, бакъ хуьлийла Ахьа сан дена делла долу Хьан дош!

27 bАмма, бакъдерг аьлча, Ӏойла а дуй те Дела кху Лаьттахь? Стигала а, я стигалан лакхенашка а ца тарлуш волу Хьо, хӀокху ас дӀахӀотийначу Хьан цӀа чу-м тарлойла а дац. 28Делахь а, дӀахозийла Хьуна сан доӀа а, Хьан лай волчун дехар а, ва сан Веза Дела! Тергам бойла Ахьа, Хьайга тахана дехарш деш кхойкхуш волчу Хьайн лен кхайкхаман а, доӀанан а. 29 cАьлла-кх Ахьа: „Сан цӀе кху чохь хир ю“. Доьху Хьоьга, хьажадойла Ахьа Хьайн бӀаьргаш хӀокху цӀенна тӀе дийнахь а, буса а! ЛадугӀийла Ахьа Хьан лай волчун доӀане, иза, хӀокху меттехьа а вирзина, Хьоьга кхойкхучу хенахь. 30ДӀахозийла Хьуна Хьайн лай волчун доӀа а, Хьайн Исраилан халкъан доӀанаш а, цара, хӀокху меттехьа а бирзина, Хьайга доӀа дечу хенахь. Хьо стигалшкахь Ӏаш ву, ткъа оха доьху Хьоьга, цигахь тхан доӀа дӀа а хазий, гечдехьа тхуна.

31Масала, нагахь цхьа стаг вукхунна хьалха бехке а хилла, иза Хьан сагӀа доккхучу кхерчана хьалха дӀахӀоттавахь, хӀокху Хьан цӀа чохь, ша бехке вац аьлла, цуьнга дуй баийта тарло. 32ТӀаккха стигалахь волчу Ахьа дӀахазий, кхел ехьа Хьайн лешна тӀехь, бехке верг бехке озош, царах даьлларг церан шайн кортошна тӀе а дожош. Ткъа бехке воцург бехказаваккхахьа, цуьнан бакъ хиларца терра цунна доггӀург а деш.

33Масала, Хьан Исраилан халкъ, Хьуна хьалха къилахь хиларна, мостагӀчо иза эшор ду. Нагахь и халкъ, Хьоьга кхайкхамаш а беш, кху цӀа чохь волчу Хьоьга доӀанаш а, дехарш а деш, Хьоьгахьа дерзахь, 34стигалшкахь церан доӀа дӀа а хазий, гечдехьа хӀокху Хьайн Исраилан халкъан къиношна. Айхьа хьалха церан дайшна делла долчу лаьтта тӀе уьш юхаберзабехьа.

35Ткъа, масала, цара Хьуна хьалха къинош летадарна, Ахьа, стигалш дӀа а къевлина, догӀа доуьйтур дац. Амма, масала, цара, кху меттехьа а бирзина, доӀанаш а деш, Хьоьга кхайкхамаш а беш, Ахь шаьш охьатаӀийна дела, шаьш летийначу къиношна дохко а бевлла, уьш юха а Хьуна тӀеберза тарло. 36ТӀаккха, доьху Хьоьга, дӀахазахьа стигалшкахь церан доӀанаш, гечдехьа Хьайн лай долчу Исраилан халкъан къиношна. Гайтахьа царна нийса некъ, даийтахьа хӀокху Хьайн лаьтта тӀе догӀа, Ахьа Хьайн халкъана тӀаьхьалонна делла хилла долчу.

37Нагахь хӀокху лаьтта тӀе адамашна я мацалла тӀеягӀахь, я адамаш хӀаллакдеш цамгарш кхетахь, я, мел долу хӀума дагош, бовха мох балахь, я адамаша дийна долу дерриге ялта а мекхано диъна дӀадаккхахь, я цӀоз, я нӀаьна тӀелатахь, я шайн лаьтта тӀехь адамаш Ӏен ца дуьтуш, мостагӀа тӀегӀортахь, я муьлхха а бохам хилахь, я ун кхетахь, 38тӀаккха, нагахь дерриг а Хьан Исраилан халкъана юкъара муьлххачу а адамо, шех даьллачу къиношна дохко а даьлла, кху Хьан цӀенна тӀе куьйгаш хьала а айина, Хьоьга доӀанаш а, дехарш а дахь, 39доьху Хьоьга, Хьо Ӏаш волчу стигалшкахь, цуьнан доӀа дӀахазий, гечдехьа цунна, гӀо дехьа. Хьуна цхьанна хаьа-кх хӀора адаман дагахь дерг. Цундела доьху Хьоьга, хӀора стагана а доггӀург цуьнан гӀуллакхашка хьаьжжина дехьа. 40Дехьа иза массо а адам Хьох кхерийтархьама, Ахьа тхан дайшна деллачу кху лаьттахь тхо мел деха.

41Исраилхой а боцуш, кхин къомах долу адамаш догӀур ду Хьан цӀеран дуьхьа. 42ХӀунда аьлча царна а хезар ду Хьан сийлаллин-езачу цӀарах лаьцна а, Хьан нуьцкъалаллех лаьцна а. Уьш богӀур бу, кху Хьан цӀенна тӀе а бирзина, доӀанаш дан. 43ТӀаккха, доьху Хьоьга, дӀахазахьа Хьо Ӏаш волчу стигалшкахь церан доӀанаш, дехьа цара а Хьайга мел дехнарг, Лаьттахь мел долчу къаьмнашна а Хьайн цӀе йовзийтархьама а, уьш Хьайх кхерийтархьама а, Хьан Исраилан халкъ санна. ТӀаккха массо а меттигашкара, доллу халкъашна а хуур ду, ас дӀахӀоттийна хӀара цӀа Ахь-Айхьа даздина хилар.

44Наггахь Ахьа Хьайн халкъе омра дийр ду, даха а гӀой, шайн мостагӀех лата аьлла. Масала, хӀокху Ахьа хаьржинчу гӀаланехьа а, Хьан цӀе язъян лерина дӀахӀоттийначу цӀенна тӀе а бирзина, цара Хьо вазвеш, Хьуна хастамаш беш, доӀанаш дахь, 45доьху Хьоьга, дӀахазахьа стигалшкахь церан доӀанаш а, церан дехарш а, бакъ а бехьа уьш.

46Нагахь Хьан халкъо Хьуна хьалха къинош летадахь (ткъа къа ца латош адам дан а дац), тӀаккха Ахьа, масала, царна оьгӀаз а вахана, уьш мостагӀашка эшабойтур бу. Ткъа мостагӀаша, царна йийсар а дина, генарчу я юххерчу хийрачу махка дӀабига мега уьш. 47Масала, оцу шаьш йийсаре бигначу мехкашкахь Хьан халкъо, ша летийначу къиношна дохко а даьлла, Хьоьга доӀанаш дийр ду. Цу халкъо ала тарло: „Оха къа латийна, тхо нийса дацара, тхо бехке ду“. 48Ткъа нагахь шаьш йийсаре дигначу оцу мостагӀийн махкахь, уьш шайн цӀеначу даггара Хьуна тӀебирзина, Ахьа шайн дайшна деллачу лаьттехьа а, Айхьа хаьржинчу гӀалехьа а, Хьан цӀе язъян ас дӀахӀотийначу Хьан цӀенна а тӀе а бирзина, цара доӀанаш дахь, 49тӀаккха ас доьху Хьоьга, Хьо Ӏаш волчу стигалшкахь церан доӀанаш дӀа а хазий, бакъбехьа уьш. 50Гечдехьа Хьайн халкъана цара Хьайна хьалхахь латийначу къиношна а, Хьуна хьалха цара нийса ца динчу массо хӀуманна а, ткъа уьш йийсаре бигна болу мостагӀий царна къинхетаме хилийтахьа. 51ХӀунда аьлча иза Ахьа Хьайн дола даьккхина Хьан халкъ ма ду. Йогучу пешара эчиг санна долу Хьайн халкъ арадаьккхинера Ахьа Мисар-махкара.

52Хуьлийла хьан лергаш а, Хьан бӀаьргаш а сема Хьайн лай волчу сан а, Хьайн Исраилан халкъан а доӀанашна, уьш Хьайга кхойкхучу хенахь даим а Хьуна дӀахазархьама. 53ХӀунда аьлча Ахьа, Хьайн дола а баьхна, къастийна уьш Лаьттара массо а къаьмнашна юкъара, Ахьа Хьайн лай волчу Мусагахула ма-аллара, ва сан Хьалдолу Эла, Айхьа тхан дай Мисар-махкара арабаьхначу хенахь».
Copyright information for CheCAC2012