‏ 1 Kings 9:1-9

ШозлагӀа а Сулим-паччахьна Дела дуьхьалхӀоттар

(2 Шерашкахь 7:11-22)

1Иштта Сулим-паччахь Везачу Элан цӀа а, паччахьан цӀа а, шена ян мел лиъна хӀума а йина чекхвелира. 2 aТӀаккха юха а, ГавӀон-гӀалахь хьалха дуьхьал ма-хӀоттара, шозлагӀа а дуьхьалхӀоьттира Веза Эла Сулим-паччахьна. 3Везачу Эло элира: «Суна схьахезира хьан доӀа а, хьан Соьга долу дехар а. Ахь хӀоттийна долу Сан цӀа Ас къобалдира, даим а цигахь Сайн цӀе язъяйтархьама. Ас иза Ӏалашдийр ду, даим дагахь а латтор ду. 4Ткъа хьо а лела Суна хьалха, хьайн да Дауд Суна хьалха ма-леллара, дог цӀена а волуш, тешаме. Ахьа а Сан дерриг весеташ а, Сан хьехамаш а, Аса тӀедиллина гӀуллакхаш а кхочушде. 5 bТӀаккха и дерриг ахь кхочушдахь, хьан цӀийнах цхьаъ даим а Исраил-махкана тӀехь паччахьалла деш хир ву. Иштта дош деллера Ас хьан дена Даудана: „Хьан тӀаьхьенах хир волчу цхьаццаммо даим паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тӀехь“. 6Амма шу я шун тӀаьхьенах болу паччахьаш Сох дӀаберзахь, Ас шайна делла долу Сан весеташ а, Сан хьехамаш а дӀа а теттина, кхечу деланашна тӀе а дирзина, царна аша Ӏибадат дахь, 7тӀаккха, Айса деллачу лаьттах а хадийна, дуьтур ду Ас Исраилан халкъ. Сайн цӀе язъяйта къобалдина долу цӀа а дӀадоккхур ду Ас. ТӀаккха, дерриге а халкъаша кицанна а, беламна а далош, дӀахӀуттур ду Исраилан халкъ. 8 cТкъа оцу дезачу цӀийнах лаьцна, иза сийлахь делахь а, чекх мел волучо инзарваларца а, веларца а хаттар дийр ду: „И хӀунда дина те Везачу Эло оцу махкана а, оцу Шен цӀенна а?“ 9ТӀаккха, царна жоп луш, наха эр ду: „Мисар-махкара шайн дай арабаьхна волу шайн Веза Дела а витина, уьш кхечу деланашна тӀаьхьа а бевлла, царна Ӏамал а еш, Ӏибадат дан болабаларна дина царна иза. Цундела Везачу Эло баийтина царна тӀе и берриг бохам“».
Copyright information for CheCAC2012