1 Samuel 1
Элкханах а, цуьнан доьзалх а лаьцна
1Эпрайман лаьмнаш тӀехь Ӏуьллуш йолчу Раматайм-Цупамахь ▼▼Раматайм-Цупам – 19-чу аято гойту и гӀала Рама хилар.
Ӏаш хилла Элкхан цӀе йолу цхьа стаг. Элкхан ша Цупин доьзалх схьаваьлла вара. Цуьнан ден цӀе Ярохьам хилла, ткъа Ярохьам ЭлихӀун кӀант хилла, ЭлихӀун да ТӀохьа хилла. Ткъа ТӀохьа эпратхо волчу Цупин кӀант хилла. 2Элкханан ши зуда яра. Цхьана зудчун цӀе Хьанат яра, вукхун цӀе Паннана яра. Паннанин бераш хилла, ткъа Хьанат доьзалхой боцуш хилла. 3ХӀора шарахь, билгалдаьхначу деношкахь, Элкхан Шилун-гӀала воьдуш хилла массо а ницкъашна тӀехь волчу Везачу Элана ▼▼Жуьгтийн маттахь – ЯхӀвехӀ-Цабаот.
лерина долу гӀуллакх дан а, Цунна сагӀа даккхийта а. Шилунехь Везачу Элан динан дай бара Ӏелин кӀентий: Пайнехьассий, Хьапний. 4Ша, сагӀа а даккхийтина, цӀа веача, Элкхана шен зудчунна Паннанина а, цо бинчу доьзална а цу сагӀин дакъа луш хилла. 5Хьанатана тоьлла долу дакъа луш хилла цо, хӀунда аьлча иза цунна дукхах езаш хилла, Везачу Эло цунна доьзалхой ца беллехь а ▼▼Я иштта: Хьанат цунна чӀогӀа дукхаезаш хиллехь а, цо цунна цхьа дакъа бен ца лора, хӀунда аьлча Везачу Эло Хьанатна доьзалхой ца беллера.
. 6Везачу Эло цунна бераш ца далар бахьана долуш, Паннанас Хьанат кест-кестта сийсазйора, цуьнга сагатдайтархьама. 7И сурт Паннанас цунна хӀора шарахь хӀоттадора, Хьанат Везачу Элан цӀа чу мосазза йоьду. Цо ша хьийзаяран барам тӀехбаьлча, иза йоьлхура, цо яа хӀума ца йоура. 8Цуьнан майрачо Элкхана цуьнга элира: «Хьанат, хьо хӀунда йоьлху? Ахь яа хӀума хӀунда ца йоу? Хьан дог стенна Ӏийжаш ду? Со хьуна итт кӀантал ца тоьлу?» Хьаната Деле доьху
9Цхьана дийнахь, Шилунахь шаьш яа хӀума йиъна а, мелла а девллачул тӀаьхьа, Хьанат хьалагӀаьттира. Динан да волу Ӏела Везачу Элан цӀийнан неӀсагӀи тӀехь Ӏаш вара. 10Хьанат, чӀогӀа дог доьхна, йоьлхуш, Везачу Эле доьхуш яра. 11 dЦо шен доӀанехь нигат дира: «Массо а ницкъашна тӀехь волу Веза Эла!Тидам бехьа сан деган лазаме!
Со хьайна дагаяийтахьа!
Йиц ма ехьа!
Ахьа суна божабер лахь,
аса иза Хьуна массо а йолчу ханна дӀалур ду.
Цуьнан коьртарчу месех урс а хьакхалур дац».
12Дехха доӀа дира Хьаната. Цу хенахь Ӏела Хьанатан балдашка хьоьжуш вара. 13Иза шен дагахь доӀа деш яра: цуьнан балдаш хьуьйш дара, амма цо дуьйцург хезаш дацара. Цундела Ӏелина иза мелла ю моьттира. 14Цо цуьнга элира: «Хьо мелла ю! Малар дита деза!» 15Хьаната жоп делира: «Иза иштта дац, сан эла. Аса я чагӀар а, я йий ▼
▼Йий – кӀенах даьккхина вахош долу малар.
а ца мелла. Со сайн кийрара бала Везачу Эле дӀабелхош ю. 16Хьан ялхо йолчу сох вон зуда ма хеталахь. Аса оццул деха доӀа даран бахьана соьгахь лаьтташ болу бала бу». 17Ӏелас цуьнга элира: «Марша гӀойла хьо. Исраилан Дала хьан доӀанна жоп лойла». 18Хьаната цуьнга элира: «Хьо суна реза хуьлийла лаьара суна!» Иза шен новкъахула дӀаяхара. Цо яа хӀума а йоура, хӀинца хьалха санна сингаттаме а ца хетара иза. Шамъал дуьнен чу валар а, иза Везачу Элана дӀавалар а
19Ӏуьйранна хьала а гӀаьттина, Далла корта а тоьхна, уьш шайн цӀа долчу Раме юхабахара. Элкхан шен зудчуьнца дӀавижинчул тӀаьхьа Дала Хьанатан дехар Шена дагадаийтира. 20Дукха хан ялале иза берах хилира. Шен зама тӀекхаьчча, цо кӀант вира, цуьнан цӀе Шамъал аьлла тиллира (иза «Далла хезна» бохург ду). И цӀе цунна тиллар и кӀант Хьаната Деле вехар дара. 21Шен доьзалца хӀора шарахь ша ма-ваххара, Шилуне Везачу Элана сагӀа даккхийта а, ша дина долу нигат кхочушдан а вахара Элкхан. 22Амма Хьанат цаьрца ца яхара. Цо Элкхане элира: «КӀант вакхочуьра а ваьккхина, аса иза айса дӀавуьгур ву цига, Везачу Элана дӀа а лур ву, массо а ханна цигахь Ӏайта». 23Элкхана цуьнга элира: «Хьайна бакъахьа хеттарг де. ЦӀахь Ӏан мегар ду хьуна, кӀант вакхочуьра ваккхалц. Дала къобалбина тӀеоьцийла хьан лаам». Цуьнан зуда цӀахь Ӏийра, кӀант вакхочуьра ваккхалц. 24Иза вакхочуьра къастийначул тӀаьхьа, Хьанат цуьнца Шилуне яхара. Цо, ша дӀайоьдуш, шеца кхо шо кхаьчна долу бежана ▼▼Ӏебархойн маттахь: кхо старгӀа. Грекийн гочдар тӀехь: кхо шо кхаьчна долу бежана.
а, кхо сахь дама а, цхьа пӀаьлдиг чагӀар а даьхьира. Иза Шилунерчу Везачу Элан цӀа чу еара, шеца кхуьуш волу шен кӀант а валош. 25Схьадалийначу бежанна урс хьаькхира. Ӏела волчу шайн кӀант схьавалийра дас-нанас. 26Хьаната элира: «Сан эла! Хьо дийна хилар санна бакъ ду хьуна, тоххара хӀоккхуза дӀа а хӀоьттина, Везачу Эле доьхуш доӀа деш хилларг со хилар. 27ХӀара хьуна гуш долу бер ду хьуна аса Цуьнга дехнарг. Везачу Эло суна жоп делира, аса дехнарг кхочуш а деш. 28Аса хӀара кӀант Везачу Элана дӀало. Ша дуьнен чохь мел йоккхучу хенахь Везачу Элана гӀуллакх деш хир ву хӀара». Цо цигахь Везачу Элана Ӏибадат дира.
Copyright information for
CheCAC2012