‏ 1 Samuel 10:14-22

14Шаулан ден вашас хаьттира цуьнгий, цуьнан ялхочуьнгий: «Шу стенга дахнера?»

Шаула жоп делира: «Виркхелаш лаха дахнера. Уьш тхайна ца карийча, Шамъал волчу даьхкинера тхо».

15Ден вашас юха а хаьттира: «Схьадийцахьа, хӀун элира шуьга Шамъала?»

16Шаула жоп делира: «Шамъала тхоьга хаам бира, виркхелаш схьакарийна аьлла». Амма Шамъала шега паччахьаллех лаьцна дийцинарг цо дӀа ца дийцира.

Шаул паччахь ву аьлла дӀакхайкхаво

17Шамъала дерриг а Исраилан халкъ Веза Эла волчу МицӀпе схьакхайкхира. 18Цо халкъе элира: «Исраилан халкъан Везачу Дала боху: „Аса шу, Мисар-махкара ара а даьхна, мисархойн куьйга кӀелара схьа а даьхна, кхечу паччахьийн Ӏазапера кӀелхьара а даьхна“. 19Ткъа аша хӀинца шайн Дела дӀатесна, Цо шаьш массо а балех кӀелхьардохуш хилла доллушехь. Аша Цуьнга элира: „Тхуна тӀехь паччахь хӀоттаве“. ХӀинца Везачу Элана хьалха, шайн тайпанаш а, гаранаш а билгал а дахий, дӀахӀитта».

20Шамъала Исраилан халкъан дерриг тайпанаш шена тӀе даладайтира. Царна юккъера Бен-Яманан тайпа къастийра цо. 21ТӀаккха цу тайпанах болчу нахе шайн гаранашца тӀедуьйла элира цо. Царна юкъара МатӀарин гара хаьржира. ТӀаьххьара а Къушин кӀентан Шаулан цӀе яьккхира. Амма Шаул лаха хӀиттича, иза кара ца вора. 22ТӀаккха цара Везачу Эле юха а хаьттира: «ВогӀур вуй кхин цхьа а кхуза?»

ТӀаккха Везачу Эло жоп делира: «ВогӀур вац. Шаул хьуьлла аша шайца схьаеана йолчу хӀуманаш юккъехь лечкъина Ӏаш ву».
Copyright information for CheCAC2012