1 Samuel 10:17-24
Шаул паччахь ву аьлла дӀакхайкхаво
17Шамъала дерриг а Исраилан халкъ Веза Эла волчу МицӀпе схьакхайкхира. 18Цо халкъе элира: «Исраилан халкъан Везачу Дала боху: „Аса шу, Мисар-махкара ара а даьхна, мисархойн куьйга кӀелара схьа а даьхна, кхечу паччахьийн Ӏазапера кӀелхьара а даьхна“. 19Ткъа аша хӀинца шайн Дела дӀатесна, Цо шаьш массо а балех кӀелхьардохуш хилла доллушехь. Аша Цуьнга элира: „Тхуна тӀехь паччахь хӀоттаве“. ХӀинца Везачу Элана хьалха, шайн тайпанаш а, гаранаш а билгал а дахий, дӀахӀитта». 20Шамъала Исраилан халкъан дерриг тайпанаш шена тӀе даладайтира. Царна юккъера Бен-Яманан тайпа къастийра цо. 21ТӀаккха цу тайпанах болчу нахе шайн гаранашца тӀедуьйла элира цо. Царна юкъара МатӀарин гара хаьржира. ТӀаьххьара а Къушин кӀентан Шаулан цӀе яьккхира. Амма Шаул лаха хӀиттича, иза кара ца вора. 22ТӀаккха цара Везачу Эле юха а хаьттира: «ВогӀур вуй кхин цхьа а кхуза?» ТӀаккха Везачу Эло жоп делира: «ВогӀур вац. Шаул хьуьлла аша шайца схьаеана йолчу хӀуманаш юккъехь лечкъина Ӏаш ву». 23Наха, бевдда цига а бахана, Шаул цу хӀуманаш юккъера схьаваьккхира. Иза нахана юккъе дӀахӀоьттича, уьш цунна белше бен ца кхочура. 24Шамъала халкъе элира: «Гой шуна, Везачу Эло мила хаьржина? И санна верг дерриг халкъана юкъахь кхин вац». ТӀаккха наха мохь бетташ бохура: «Декъала хуьлда паччахь!»
Copyright information for
CheCAC2012