1 Samuel 13:8-14
8 aШамъала шега ма-аллара, ворхӀ дийнахь Галгалахь цуьнга хьоьжуш Ӏийра иза. Амма Шамъал, схьа ца вогӀуш, хьевеллера. Цундела адамаш дӀасаэха дуьйладелира. 9Шаула элира: «Схьадаладе суна дийнаташ дагоран а, барт баран а сагӀина леринарг». Цо цигахь Везачу Элана лерина долу дийнаташ дагоран сагӀа даьккхира. 10Амма иза и гӀуллакх дина ваьлла жимма хан ялале, Шамъал схьакхечира. Маршалла хатта цунна дуьхьалвахара Шаул. 11Шамъала цуьнга хаьттира: «И хӀун ду ахьа динарг?» Шаула жоп делира: «Суна гира со волчуьра нах дӀауьдуш. Ткъа хьо, айхьа йиллинчу хенахь схьа ца вогӀуш, хьевеллера. ПӀелаштамхой Михмасехь, схьакхаьчна, лаьтташ бу. 12ТӀаккха аса ойла йира: „ПӀелаштамхой Галгала тӀамца чубогӀур бу, ткъа со хӀинца а Деле орца даккхаза ву“. Цундела аса дийнаташ дагоран сагӀа даьккхира». 13ТӀаккха Шамъала Шауле элира: «Ахьа иза чӀогӀа вон дина. Ахьа хьайн Везачу Дала хьайна тӀедиллинарг кхочуш ца дина. Иза хьоьгара ца даьллехь, Исраилан махкахь хьан паччахьалла Дала массо а ханна чӀагӀдийр дара, 14 bамма хӀинца хьан паччахьалла лаьттар дац. Везачу Элана хьан метта Шен даго къобалвеш волу стаг карор ву, иза Цо Шен халкъана тӀехь баьчча вина дӀа а хӀоттор ву, хӀунда аьлча ахьа Везачу Эло хьайна тӀедиллинарг кхочуш ца дина».
Copyright information for
CheCAC2012