‏ 1 Samuel 15:1-24

Шаула шолгӀа а Везачу Эло тӀедиллинарг кхочуш ца до

1 aШамъала Шауле элира: «Везачу Эло со ваийтина Исраилан халкъана тӀехь хьан паччахьалла къобалдан. ХӀинца Везачу Эло бохучуьнга ладогӀа. 2 bМассо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Дагадаийтира Аса Сайна Ӏамалекха Исраилан халкъана динарг: Мисар-махкара халкъ цӀа доьрзучу хенахь иза цунна дуьхьал валар. 3ХӀинца, ваха а гӀой, Ӏамалекхана тӀелата, цуьнан мел долу хӀума, къинхетам ца беш, хӀаллакде. Массо а ве: зударий, божарий, бераш, декхаш долу бераш. Дерриг: етт, сту, уьстагӀ, эмкал, вир – ша мел долу хӀума, дей, дӀадаккха“».

4Телаим олучу меттехь Шаула вовшахтуьйхира шен эскар. Царна юккъехь ши бӀе эзар гӀашло вара, цул сов, итт эзар стаг ЯхӀудан тайпанах а вара. 5Шаул Ӏамалекхахойн гӀалина тӀекхаьчнера. ТогӀи чохь царна кӀело ян охьахиира иза. 6Шаула кхенахошна тӀе хабар дахьийтира: «Ӏамалекхахойх дӀакхеттачуьра дӀакъаста, шаьш соьга дайа ца дайийта. Аша Мисар-махкара схьадогӀучу хенахь Исраилан халкъана гӀо дина». Кхенахой Ӏамалекхахошна юкъара дӀакъаьстира.

7Шаула Хьавилара дуьйна Мисар-махкана малхбалехьа Ӏуьллучу Шур-гӀалин йистошка кхаччалц эшийра Ӏамалекхахой. 8Церан паччахь АгӀаг Шаула дийна волуш схьалецира, ткъа цуьнан дерриге а халкъ хӀаллакдира. 9Амма Шаула а, цуьнан эскаро а АгӀагах къинхетам бира, дико долу уьстагӀий а, стерчий а, дерстана долу эсий а, Ӏахарий а дитира, иштта дика мел долу хӀума а, доха ца деш Ӏаддитира, ткъа оьшуш мел доцу хӀума дохийна дӀадаьккхира.

10ТӀаккха Шамъале долу Делан дош иштта дара: 11«Со чӀогӀа дохковаьлла Айса Шаул паччахь вина дӀахӀотторах. Сох дӀа а вирзина, Сан дош цо кхочуш ца дина». Иза шена хиъча, Шамъал чӀогӀа оьгӀазвахара. Буьйса, Везачу Эле кхойкхуш, яьккхира цо. 12Сахуьлуш Шамъал, хьала а гӀаьттина, Шаулна дуьхьалвахара. Амма цуьнга хаам бира, Шаула, Кармал-гӀала а вахана, цигахь шен толамаш дагабоуьйтуш болу тӀулг дӀахӀоттийра аьлла, ткъа цигара ваьлча, иза Галгала вахана аьлла. 13Шамъал Шаулна тӀекхечира, ткъа Шаул вистхилира: «Везачу Эло декъалвойла хьо. Аса Везачу Элан дош кхочушдина».

14ТӀаккха Шамъала элира: «Сан лергашна хезаш долу уьстагӀийн а, стерчийн а аьзнаш мичара ду?»

15Шаула элира: «Уьш Ӏамалекх волчуьра схьадалийна ду. Оха тоьлла долу уьстагӀий а, стерчий а хьан Везачу Далла лерина сагӀа даккха дитира, кхин дерш хӀаллакдира».

16Шамъала Шауле элира: «Собар де, аса дӀадуьйцур ду хьоьга Везачу Эло буьйсанна хьо бахьана долуш аьлларг».

Шаула цуьнга элира: «Схьадийца».

17ТӀаккха Шамъала элира: «Хьуна-хьайна а хьо жима а, хьал доцуш а хетташехь, ца хӀоттийнера Исраилан халкъан тайпанашна коьрте? Хьо иштта воллушехь, Везачу Эло къобал ца винера хьо Исраилан халкъана тӀехь паччахь вина дӀахӀотта? 18Везачу Эло хьо хӀокху дешнашца новкъа ваьккхинера: „Ваха а гӀой, и къинош летийна болу Ӏамалекхахой хӀаллакбе. Уьш, байина, дӀабаххалц, тӀом бе цаьрца“, – аьлла. 19Везачу Эло хьайга аьлларг хӀунда ца дира ахьа? Стенна кхийтира хьо ижуна тӀе, Везачу Элан бӀаьргашна хьалха вон деш?»

20Шаула Шамъале элира: «Везачу Эло бохучуьнга ла а доьгӀна, Цо аьллачу новкъа велира со. Ӏамалекхахойн паччахь АгӀаг аса схьавалийна, уьш мел берш хӀаллак а бина. 21Ткъа наха шайна яьллачу ижуна юккъера тоьлла долу уьстагӀий а, стерчий а схьахаьржира Галгалахь хьан Везачу Далла лерина сагӀа даккха».

22Шамъала цунна жоп делира: «Ахьа доккхуш долу сагӀа а, дагош долу бежанаш а деза хета те Везачу Элана,
хьо Ша бохург а деш дӀахӀоттарал?
Цуьнга ладугӀуш хилар сагӀа даккхарал а деза ду,
ткъа Цунна муьтӀахь хилар уьстагӀан махьаран даьттанал а дезах ду,
23хӀунда аьлча муьтӀахь цахилар, бозбунчалла лелор санна, къилахь ду,
ткъа шен лааме а ваьлла, дуьхьалвалар цӀу-динах тешар санна ду.
Ахьа Везачу Элан дош дӀататтар бахьана долуш,
Цо хьо дӀатеттина,
Исраилан халкъан паччахь ца хилийта».

24Шаула Шамъале элира: «Везачу Элан дашна тӀера а, хьан лаамна тӀера а ваьлла, аса сайх къа латийна. Со нахах кхеравелира, цундела цара бохург дира аса.
Copyright information for CheCAC2012