aАрадаккхар 17:8-14; Карлабаьккхинарг 25:17-19.

‏ 1 Samuel 15:2-9

2 aМассо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Дагадаийтира Аса Сайна Ӏамалекха Исраилан халкъана динарг: Мисар-махкара халкъ цӀа доьрзучу хенахь иза цунна дуьхьал валар. 3ХӀинца, ваха а гӀой, Ӏамалекхана тӀелата, цуьнан мел долу хӀума, къинхетам ца беш, хӀаллакде. Массо а ве: зударий, божарий, бераш, декхаш долу бераш. Дерриг: етт, сту, уьстагӀ, эмкал, вир – ша мел долу хӀума, дей, дӀадаккха“».

4Телаим олучу меттехь Шаула вовшахтуьйхира шен эскар. Царна юккъехь ши бӀе эзар гӀашло вара, цул сов, итт эзар стаг ЯхӀудан тайпанах а вара. 5Шаул Ӏамалекхахойн гӀалина тӀекхаьчнера. ТогӀи чохь царна кӀело ян охьахиира иза. 6Шаула кхенахошна тӀе хабар дахьийтира: «Ӏамалекхахойх дӀакхеттачуьра дӀакъаста, шаьш соьга дайа ца дайийта. Аша Мисар-махкара схьадогӀучу хенахь Исраилан халкъана гӀо дина». Кхенахой Ӏамалекхахошна юкъара дӀакъаьстира.

7Шаула Хьавилара дуьйна Мисар-махкана малхбалехьа Ӏуьллучу Шур-гӀалин йистошка кхаччалц эшийра Ӏамалекхахой. 8Церан паччахь АгӀаг Шаула дийна волуш схьалецира, ткъа цуьнан дерриге а халкъ хӀаллакдира. 9Амма Шаула а, цуьнан эскаро а АгӀагах къинхетам бира, дико долу уьстагӀий а, стерчий а, дерстана долу эсий а, Ӏахарий а дитира, иштта дика мел долу хӀума а, доха ца деш Ӏаддитира, ткъа оьшуш мел доцу хӀума дохийна дӀадаьккхира.
Copyright information for CheCAC2012