‏ 1 Samuel 17:4-7

4Ша Гати-гӀалара а волуш, ГӀолиат цӀе йолу, бӀаьхо волу цхьа стаг пӀелаштамхошна юкъара схьавелира. Иза ялх
Ялх дол – Грекийн гочдар тӀехь: диъ дол.
дол а, цхьа ше а хиллал лекха вара.
5Цуьнан коьртахь цӀестах дина долу гӀем дара, тӀедуьйхина цӀестан пелагех дина гӀагӀ дара. Цу гӀаьгӀнан деккъа дозалла пхи эзар шекхал цӀаста хиллал дара. 6Цуьнан когаш тӀехь цӀестан гола тӀеюхкурш яра, букъ тӀехь цӀестан горга тур а дара. 7Цуьнан гоьмукъан гӀаж, кӀадидархочун гӀирс санна, еха яра, ткъа ша гоьмукъ ялх бӀе шекхал эчиг хиллал бара. Цунна хьалха хӀоьттина вогӀуш цуьнан доккха турс лелош верг а вара.
Copyright information for CheCAC2012