aАрадаккхар 28:1-4; Ӏамалъяр 7:35, 36.

‏ 1 Samuel 2:27-36

Ӏелин доьзалх лаьцна Делера хаам бар

27Ӏела волчу Делан стаг веара. Цо элира: «Везачу Эло хьоьга иштта боху: „Хьан ден цӀенна Со ца вовзийтира Ас, уьш Мисар-махкахь пирӀунан цӀа чохь леш болчу хенахь? 28 aМассо а исраилхойн тайпанашна юккъера хаьржина вацара Аса хьан дай шех схьабевлла волу АхӀарон Сайн динан да хилийта а, сагӀа доккхучу кхерче ваийта а, хаза хьожа йогӀу хӀума ягаяйта а, Суна хьалха динан дас лелош йолу ийпад лелаяйта а? Массо а Исраилан кӀенташа Сан дуьхьа доккхуш долчу сагӀанийн дакъа ца кхочуьйтура Аса хьан цӀенна? 29ХӀунда бетта аша Сан дуьхьа доккхуш долчу жижиган а, баьпкан а сагӀанийн дакъошна тӀе когаш, Аса Сайн цӀенна лерина долчу? Сан Исраилан халкъо Суна даьхначу сагӀанийн уггар тоьллачу дакъойх хьан кӀентий буза а беш, ахьа Со дӀатеттина“».

30Цул тӀаьхьа цу стага элира: «Исраилан халкъан Дала аьлла дара: „Хьан цӀа а, хьан ден цӀа а массо а хенахь Сан бӀаьргашна хьалха гӀуллакх деш хир ду“. Амма хӀинца Везачу Эло боху: „Иза иштта хир дац! Сан сий деш волчун Аса а дийр ду сий, амма Сан цӀе сийсаза йоккхуш верг юьхьӀаьржачу а хӀуттур ву. 31ТӀейогӀур ю Аса хьан массо а тӀаьхье хӀаллакьеш йолу зама. Хьан доьзалера цхьа а стаг къанло хан тӀекхаччалц вехар вац. 32Исраилан мохк толуш дӀагӀур бу, амма хьуна гун дерш хьан доьзале кхочун долу вонаш ду. Хьан доьзалхойх цхьа а къанвелла лийр вац. 33Сайн кхерчан уллора массо а дӀавоккхур вац Аса. Цхьаъ вуьтур ву Аса цуьнан бӀаьргаш бӀарздаллалц, цуьнан гӀора дӀадаллалц. Хьан мел йолу тӀаьхье гӀеметтахӀоьттинчу хенахь лийр ю. 34 bАса билгало йоуьйтур ю хьуна и зама тӀекхаьчнийла хоуьйтуш: хьан ший а кӀант, Хьапни а, Пайнехьас а, цхьана дийнахь лийр ву. 35Аса Сайна тешаме динан да дӀахӀоттор ву: цо, Сан даге хьаьжжина, Аса ма-бохху гӀуллакх дийр ду. Аса цуьнан тайпа ницкъ болуш хуьлуьйтур ду. Цо, ша мел веха, Аса хаьржинчу паччахьан гӀуллакх а дийр ду. 36Хьан цӀийнах мел виснарг цунна корта тоха вогӀур ву, жимма ахча я баьпкан дакъа ло бохуш. Цара цуьнга дехар дийр ду: ‘Динан дас беш болу муьлхха а болх лохьа суна, сайна сискал яккха’, – бохуш“».
Copyright information for CheCAC2012