‏ 1 Samuel 22:20-23

20Царна юкъара, Ахьтубин кӀентан Ахьи-Маликан кӀант волу Абу-ЯтӀари бен, цхьа а кӀелхьара ца велира. Иза, ведда, Дауд волчу дӀавахара. 21Абу-ЯтӀарис Дауде дӀадийцира Шаула Везачу Элан динан дай байина хиларх лаьцна. 22Дауда Абу-ЯтӀарига элира: «Цу дийнахь суна цигахь эдомхо волу ДуагӀ гира. Суна хаьара, цо Шауле мотт тухур буйла. Со ву хьан ден доьзал байина хиларна бехке. 23Со волчохь саца, кхера а ца кхоьруш. Хьо вен гӀерташ волчунна со вен а луур ду, цундела со хьуна Ӏуналла деш хир ву».
Copyright information for CheCAC2012