‏ 1 Samuel 31:1-6

Шаулан а, цуьнан кӀентийн а кхалхар

(1 Шерашкахь 10:1-12)

1ПӀелаштамхой исраилхошца тӀом беш бара. Исраилхой, царах бевдда боьлхуш, ГилбаӀ олучу лам тӀехь дукха хӀаллакьхилира. 2Шаулна а, цуьнан кӀенташна а тӀаьхьа а бевлла, пӀелаштамхоша цуьнан кӀентий ЯхӀуната а, Абинадаб а, МалкишаӀ а байира. 3Шаулна гонах болу тӀом чӀагӀбелира. Къаьсттина чӀогӀа кхарна ницкъ бора секхаӀад кхоссархоша. Шаул къиза чевнаш хилла вара. 4Шаула шен герз лелош волчуьнга элира: «Хьайн тур баттара а даккхий, со вей дӀаваккха, и дин доцу сунтбаза берш суна тӀе а кхаьчна, цара со веле а, хьийзавале а». Амма герз лелориг, ша дукха кхераваларна, ца хӀоьттира и дехар кхочушдан. ТӀаккха Шаула, шен тур схьа а даьккхина, цунна тӀе а вогӀавелла, шех иза чекхдаьккхира. 5Шаул шена велла гича, цуьнан герз лелориг ша а, шен туьрана тӀе а вогӀавелла, велира. 6Иштта велира цу дийнахь Шаул а, цуьнан кӀентех кхо кӀант а, цуьнан герз лелориг а, цуьнан массо стаг а.
Copyright information for CheCAC2012