aАрадаккхар 25:22.
1 Samuel 4:4-22
4 aНах Шилуне а бахийтина, цигара массо а ницкъашна тӀехь волчу Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тӀорказ схьадаийтира. ТӀорказан негӀар тӀехь Ӏаш дашо деза ши малик дара. Царна тӀехула яра Везачу Элан меттиг. Цу тӀорказна уллохь Ӏелин ши кӀант вара, Хьапний, Пайнехьассий. 5Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ шаьш долчу схьакхаьчча, исраилхоша йоккха гӀовгӀа яьккхира, дерриг латта а дегош. 6И баккхийберан мохь шайна хезча, пӀелаштамхоша элира: «Ӏебархойн агӀонехь ма чӀогӀа маьхьарий хьоькху. И хӀун ду техьа?» Царна хиира Везачу Элан тӀорказ исраилхойн меттаматте схьакхаьчнийла. 7ПӀелаштамхой кхерабелира. Цара элира: «Церан Дела веана уьш болчу. Вайгахь боккха бала бу! Иштта долу хӀума хьалха цкъа а ца хилла! 8Бала бу вайгахь! Хьан дохур ду вай цу ницкъ болчу деланийн карара? Цу деланаша, таӀзарш деш, мисархой хӀаллакбина яьссачу аренгахь. 9ЧӀагӀ а лой, майра хила, пӀелаштамхой! Вайна карабаьхкина болу Ӏебархой санна, церан кара а дахана, церан леш хилла ца латтархьама. Доьналла долуш хила, цаьрца лата кийча хила!» 10Уьш чӀогӀа летира, исраилхой эша а беш. ХӀора дийна висина волу исраилхо, ведда, шен цӀа вахара. Исраилхой чӀогӀа эшийра цу тӀамехь, ткъе итт эзар гӀашло вен а вуьш. 11Делан тӀорказ пӀелаштамхойн карадахара, ткъа Ӏелин ши кӀант, Хьапний, Пайнехьассий, велира.Ӏелин валар
12Оццу дийнахь цхьа бен-яманхо, тӀом болчуьра ведда, Шилуне кхечира. Цунна тӀера бедарш этӀийна яра, коьрта тӀехь чан яра. 13Ӏела гӀали чу воьдучохь лаьтташ долчу кевнан неӀарехь хиъна Ӏаш вара, хьоьжуш. Цуьнан дог, Делан тӀорказах хӀун хилла ца хууш, лозуш дара. Веанчу цу стага тӀамехь долу хьал дийцича, массо а стаг велха дӀахӀоьттира. 14Шена и белхар хезча, Ӏелас хаьттира: «И хӀун гӀовгӀа ю?» Цу стага, тӀе а веана, шадерг а дӀадийцира. 15Цу хенахь Ӏелин дезткъе берхӀитта шо дара. Цуьнан бӀаьргаш, са ца гуш, кхоьлина дара. 16Цу стага цуьнга элира: «Со меттаматтера схьавеана. Тахана тӀом болчуьра ведда со». Ӏелас цуьнга хаьттира: «ХӀун хилла цигахь, жима къонах?» 17Хаамчас жоп делира: «Исраилхой пӀелаштамхойх бевдда. Вай цара эшийна. Хьан ший а кӀант велла. Делан тӀорказ мостагӀийн карахь ду». 18Цо Делан тӀорказ хьахошшехь, Ӏела ша Ӏаш волчу гӀанта тӀера аркъал охьавуьйжира. Вортанан даьӀахк каг а елла, иза велира. Цуьнан кхалхар иштта сиха хилира, иза чӀогӀа къена а, дегӀана веза а волу дела. Иза шовзткъа шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо хилла Ӏийна ву.Пайнехьасах йиснарг ялар
19Ӏелин нус, Пайнехьасан зуда, кестта бер дан дезаш яра. Делан тӀорказ пӀелаштамхойн карадахнийла а, шен мардай, майрий веллийла а хиъча, иза ца лайна, зуда берах хьовзийра. Дукха хан ялале, цо бер дира. 20Иза лечу хенахь, цунна тӀехь лаьтташ болчу зударша элира: «Ма кхера. Ахьа кӀант вина». Амма иза схьахьожуш а, йистхуьлуш а яцара. 21«Везачу Элан сий Исраил-махкара дӀадаьлла», – аьлла, цо шен кӀентан цӀе Ихвади тиллира (иза «сий доцург» бохург ду). Делан тӀорказ мостагӀийн карадахана дела, шен мардай, майрий велла дела, тиллина цо и цӀе кӀантана. 22Цо элира: «Исраилан махко Везачу Элан сий дайина, Делан тӀорказ мостагӀийн карадахана дела».
Copyright information for
CheCAC2012