‏ 1 Thessalonians 4:15-17

15 aВезачу Элан дашца боху хӀара оха шуьга, Веза Эла кху дуьнен чу схьаваллалц, дехаш дисина долу вай, беллачарел хьалха девр дац. 16ХӀунда аьлча Веза Эла коьртачу маликан озаца а, Делан турба лакхарца а, Ша стигалара охьавуссур ву, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш а болуш белларш хьалха денлур бу. 17Цул тӀаьхьа вай, далаза диснарш, царах дӀа а кхетта, Везачу Элана дуьхьал мархашка хьаладохур ду. ТӀаккха вай даим Везачу Элаца цхьаьна хир ду.
Copyright information for CheCAC2012