1 Timothy 3:2-7
2 aӀийсах тешачийн тобанан гӀайгӀабийриг цхьанна а стеган ала хӀума доцуш цӀена хила веза. Цуьнан цхьа зуда бен хила ца еза. Кхетаме а, собаре а, оьзда а, безамца хьеший тӀеоьцуш а, динах лаьцна хьеха хууш а хила веза иза. 3Малар тӀехдоккхуш, девнаш дохуш хила ца веза. Амма эсала а, машаре а, ахчанна сутара воцуш а хила веза иза. 4Шен цӀа дика лело а деза цо, шен бераш шена муьтӀахь хила а, нах лара а Ӏамо деза. 5Шен цӀа лело а ларош воцург лелар вуй те Ӏийсах тешначийн Делан долахь йолчу тобанан гӀайгӀа беш? 6Ӏийсах тешна дукха хан йоцучу божарех хила ца веза иза, цуьнан даг чу куралла а йоьссина, иблисана санна, иза кхел йина ца хилийтархьама. 7Арахьарчу наха дика тоьшаллаш деш хила а веза иза, шена Ӏиттарш ца яйта а, иблисан гуре ша ца лацийта а.
Copyright information for
CheCAC2012