aДауд 6:1-17; Арадаккхар 13:5-14; 15:25–16:1.
bАрадаккхар 38:1-7.

‏ 2 Chronicles 1:3-12

3Иштта Сулим а, берриг а гулбелларш а ГавӀон-гӀаларчу гу тӀе бахара, хӀунда аьлча Везачу Элан ялхо волчу Мусас яьссачу аренгахь ша волуш дина гуламан четар цигахь хӀинца а лаьтташ дара. 4 aДелан бертан тӀорказ Кхиръят-ЯӀарим-гӀалара Ярушалаймехь ша кечйинчу метте схьадеанера Дауда, цунна четар а дина. 5 bТкъа Хьорин кӀентан Урин кӀанта Бацалиала бина сагӀа доккху цӀестан кхерч цигахь, ГавӀонерачу гу тӀехь, Везачу Элан четарна хьалха битинера. Цигахь Сулим-паччахь а, цуьнца баьхкинарш а Везачу Элах дагабевлира. 6ТӀаккха, гуламан четар долчу, Везачу Элана хьалха, оцу цӀестан кхерча тӀе а кхаьчна, цунна тӀехь эзар дийнат а дагош, сагӀа даьккхира Сулим-паччахьо.

7Цу буьйсанна Сулимна гӀенахь Дела дуьхьалхӀоьттира. Цо элира: «Деха хьайна луъург».

8Сулим-паччахьо Деле жоп делира: «Ахьа, сан дена Даудана доккха дика дина, со цуьнан метта паччахь а хӀоттийна. 9 cВа Веза Дела, кхочушхуьлийла Ахьа сан дена Даудана йина чӀагӀо. Лаьттан чан санна дукха долчу халкъана тӀехь, Ахьа, со паччахь а вина, дӀахӀоттийна дела, 10лохьа суна хьекъалалла а, хаарш а, хӀокху халкъана тӀехь аса куьйгалла муха дан деза хаархьама, хӀунда аьлча хьаьнга далур ду хӀокху Хьан дуккха а долчу халкъана тӀехь урхалла?»

11Дала Сулиме элира: «И ахь дехнарг хьан деган лаам хиларна а, бахам а, хьал а, сийлалла а, хьайн мостагӀийн синош хӀаллакдар а, иштта хьайн дахаран хан яхъяр а ца доьхуш, Аса хьо паччахь хӀоттийначу Сан халкъана тӀехь урхалла дархьама, хьайна хьекъалалла а, хаарш а ахьа дехарна, 12лур ду Ас хьуна хьекъалалла а, хаарш а. Иштта бахам а, хьал а, сийлалла а лур ду Аса хьуна, хьол хьалха хиллачу паччахьийн а, хьол тӀаьхьа хир болчийн а доцучу тайпана».
Copyright information for CheCAC2012