2 Chronicles 11:5-23
РахьбуӀама шен гӀаланаш чӀагӀйо
5РахьбуӀам Ярушалаймехь вехаш вара. ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашна чӀагӀонаш яйтира цо. 6Иштта Байтлахам а, ӀайтӀам а, ТакхоӀ а, 7Байт-Цур а, Соха а, Ӏадулам а, 8Гати а, Мареша а, Зип а, 9Адорайм а, Лахиш а, Ӏазекхи а, 10ЦорӀа а, Айлон а, Хьеврон а гӀаланаш чӀагӀйира РахьбуӀама. ЯхӀуд-махкахь а, Бен-Яман-махкахь а уьш чӀагӀйина гӀаланаш яра. 11Церан лардаран таронаш чӀагӀ а йина, царна тӀехь хьаькамаш а хӀиттийна, кхача, даьтта, чагӀар чохь латто гӀишлош нисйира РахьбуӀама. 12ХӀора гӀалина турсаш а, гоьмукъаш а делла, кхачам боллуш чӀагӀйира цо и гӀаланаш. РахьбуӀаман карахь дара ЯхӀудан а, Бен-Яманан а тайпанаш.Динан дай а, левихой а Исраил-махкара ЯхӀуд-махка дӀабахар
13Исраил-махкахь массо а маьӀӀехь мел волу динан да а, левихо а РахьбуӀам волчу схьагулвелира. 14Шайн дежийлаш а, долахь мел дерг а дитина, ЯхӀуд-махка а, Ярушалайме а схьабаьхкира уьш, хӀунда аьлча ЯрбаӀама а, цуьнан кӀенташа а Везачу Элана гӀуллакх деш болчуьра дӀабаьхнера уьш. 15 aСагӀа доккхучу гунаш тӀехь гӀуллакх дан а, гезарийн а, эсийн а куьцехь ша байтинчу цӀушна Ӏамал ян а шен динан дай къобалбинера ЯрбаӀама. 16Левихой баьхкинчул тӀаьхьа, Исраилан халкъан Веза Дела лаха шайн дегнаш тӀедерзийна болу Исраилан хӀора тайпанах болу нах Ярушалайме богӀура, шайн дайн Дела волчу Везачу Элана сагӀа даккхархьама. 17ЯхӀудан пачхьалкх чӀагӀ а еш, Сулиман кӀант волчу ЯрбаӀамехьа а болуш, Ӏийра уьш кхаа шарахь. ХӀунда аьлча оцу кхаа шарахь Даудан а, Сулиман а некъахула лелаш бара уьш.РахьбуӀаман доьзал
18Шен да Даудан кӀант Еримати волу а, нана Юшайн кӀентан Элиабан йоӀ Абу-ХӀаил йолу а Махьалат шена ялийра РахьбуӀам-паччахьо. 19Махьалата РахьбуӀамна кӀентий бира: ЕӀуш, Шамар-ЯхӀу, ЗахӀим. 20Махьалатал тӀаьхьа Абушаламан йоӀ МаӀха ялийра шена РахьбуӀама. Аби-ЯхӀу, Атай, Зиза, Шалумати цӀераш йолу кӀентий бира МаӀхас РахьбуӀамна. 21МаӀха шен массо а зудчул а, гӀарбаш-зударел а дукхаезара РахьбуӀамна. Цуьнан берхӀитта зуда а, кхузткъа гӀарбаш-зуда а яра. Оцу зударша ткъе бархӀ кӀант а, кхузткъа йоӀ а йинера цунна. 22Вежаршна юкъахь коьрта эла вина, дӀахӀоттийнера РахьбуӀама МаӀхин кӀант Аби-ЯхӀу, хӀунда аьлча иза шел тӀаьхьа паччахь хӀотто дагахь вара РахьбуӀам. 23Хьекъале а лелаш, берриге а ЯхӀудан а, Бен-Яманан а мехкашкахула ша чӀагӀйинчу гӀаланашкахула дӀасахьажийра цо шен кӀентех цхьаберш. Царна, дуккха а хьал делла, алссам зударий балийра цо. 2 Chronicles 12:1-15
Мисархой ЯхӀуд-махка чугӀортар
(Сулим 14:25-28)
1Шен паччахьалла дӀа а хӀоттийна, ша чӀагӀвелча, РахьбуӀама а, цуьнца цхьаьна берриге а исраилхоша а Везачу Элан товрат-хьехам дӀатесира. 2РахьбуӀама паччахьалла до пхоьалгӀа шо долуш, исраилхой Шех дӀабирзина Дела, Мисар-мехкан паччахь волу Шушакх Ярушалаймана тӀелатийтира Везачу Эло. 3Цхьа эзар ши бӀе гӀудалкх а, кхузткъа эзар дошло а валийра Шушакха шеца. Ткъа цо Мисарара далийна эскар-м дагар а ца далора. Царна юкъахь ливахой а, сукхихой а, хушахой а бара. 4ЯхӀуд-махкара чӀагӀйина гӀаланаш схьа а яьхна, Ярушалайме веара Шушакх. 5ТӀаккха РахьбуӀамна а, Шушакхах бевдда Ярушалаймехь гулбеллачу яхӀудхойн куьйгалхошна а тӀе ШамӀа-ЯхӀу-пайхамар веара. Цо цаьрга элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Аша Со дӀатесира, цундела Аса шу а, дӀа а тесна, Шушакхан кара дӀало“». 6Исраилхойн куьйгалхоша а, паччахьо а, шаьш къинош летадарна къера а хилла, элира: «Бакъ ву Веза Эла!» 7Къа леторна уьш къера хилар Шена гича, Везачу Элан хӀара дош кхечира ШамӀа-ЯхӀуга: «Шаьш къинош летадарна уьш къера хиларна, хӀаллакбийр бац Аса уьш, кестта кӀелхьар а бохур бу. Шушакхехула кхочушйийр яц Аса Ярушалаймана Сайн йолу оьгӀазалла. 8Амма исраилхой Шушакхан ялхой хир бу, Суна гӀуллакх дарна а, лаьттарчу паччахьашна гӀуллакх дарна а юкъахь хӀун башхо ю царна хаийтархьама». 9 bЯрушалаймана тӀе а летта, Везачу Элан цӀа чуьра а, паччахьан цӀа чуьра а ерриге а еза хӀума дӀаяьхьира мисархойн паччахьо Шушакха. Сулим-паччахьо дайтина дашо турсаш а цхьаьна, дерриг хӀума а дӀадаьхьнера. 10Церан метта РахьбуӀам-паччахьо цӀестан турсаш дайтира. Уьш паччахьан цӀийнан ков лардечу гӀаролхойн хьаькамийн караделира. 11Паччахь хӀоразза а Везачу Элан цӀа чу волуш, гӀаролхой, и турсаш схьа а оьций, цуьнца богӀура. Цул тӀаьхьа гӀаролхойн цӀа чу шен метте охьадохкура цара уьш. 12РахьбуӀам къера хиларна, Везачу Элан оьгӀазло цунна тӀера дӀа а елира, Дала иза кхоччуш дакъаза а ца ваьккхира. Ткъа ЯхӀуд-махкахь дика гӀуллакхаш хуьлура.РахьбуӀама паччахьалла динчу хенан жамӀ хӀоттор
13Иштта, Ярушалаймехь, чӀагӀвелла дӀа а хӀоьттина, паччахьалла дира РахьбуӀама. Иза паччахь дӀахӀуттучу хенахь, цуьнан шовзткъе цхьа шо дара. Везачу Эло Шен цӀе цигахь хилийтархьама, Исраилан массо а тайпанех Везачу Эло схьакъастийначу Ярушалайм-гӀалахь вуьрхӀитта шарахь паччахьалла дира РахьбуӀама. Цуьнан ненан цӀе яра НаӀмат. Иза Ӏамминхо яра. 14Шен дог Веза Эла лахарна тӀе ца дерзийна дела, зуламе дерг дора РахьбуӀама. 15РахьбуӀам-паччахьо динчу хӀуманех лаьцна, дуьххьарлерчунна тӀера тӀаьххьарлерчунна тӀекхаччалц, яздина ду ШамӀа-ЯхӀу-пайхамаран а, Делера дерг гуш волчу Ӏиду-пайхамаран а тептарш тӀехь, доьзалийн схьадаларх лаьцна долчу декъа тӀехь. РахьбуӀамна а, ЯрбаӀамна а юкъахь, уьш дийна мел бу, тӀом лаьттира.
Copyright information for
CheCAC2012