2 Chronicles 12:2-8
2РахьбуӀама паччахьалла до пхоьалгӀа шо долуш, исраилхой Шех дӀабирзина Дела, Мисар-мехкан паччахь волу Шушакх Ярушалаймана тӀелатийтира Везачу Эло. 3Цхьа эзар ши бӀе гӀудалкх а, кхузткъа эзар дошло а валийра Шушакха шеца. Ткъа цо Мисарара далийна эскар-м дагар а ца далора. Царна юкъахь ливахой а, сукхихой а, хушахой а бара. 4ЯхӀуд-махкара чӀагӀйина гӀаланаш схьа а яьхна, Ярушалайме веара Шушакх. 5ТӀаккха РахьбуӀамна а, Шушакхах бевдда Ярушалаймехь гулбеллачу яхӀудхойн куьйгалхошна а тӀе ШамӀа-ЯхӀу-пайхамар веара. Цо цаьрга элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Аша Со дӀатесира, цундела Аса шу а, дӀа а тесна, Шушакхан кара дӀало“». 6Исраилхойн куьйгалхоша а, паччахьо а, шаьш къинош летадарна къера а хилла, элира: «Бакъ ву Веза Эла!» 7Къа леторна уьш къера хилар Шена гича, Везачу Элан хӀара дош кхечира ШамӀа-ЯхӀуга: «Шаьш къинош летадарна уьш къера хиларна, хӀаллакбийр бац Аса уьш, кестта кӀелхьар а бохур бу. Шушакхехула кхочушйийр яц Аса Ярушалаймана Сайн йолу оьгӀазалла. 8Амма исраилхой Шушакхан ялхой хир бу, Суна гӀуллакх дарна а, лаьттарчу паччахьашна гӀуллакх дарна а юкъахь хӀун башхо ю царна хаийтархьама».
Copyright information for
CheCAC2012