‏ 2 Chronicles 13:3-21

3Аби-ЯхӀус шен эскар тӀаме арадаьккхира. Цу эскарехь виъ бӀе эзар майра тӀемало вара. Ткъа ЯрбаӀам, шеца бархӀ бӀе эзар майра тӀемало а валош, тӀамца цунна дуьхьалвелира.

4Эпрайм-лаьмнашкарчу ЦӀемарайм олучу цхьана гу тӀе а ваьлла, Аби-ЯхӀус бохура: «ЯрбаӀам а, массо а исраилхо а, ладогӀийша соьга! 5Шуна хууш дац ткъа, Исраилан Дела волчу Везачу Эло Даудана а, цуьнан тӀаьхьенах болчарна а Исраилна тӀехь паччахьалла дар гуттаренна а делла дуйла, туьхана тӀехь чӀагӀбина болу барт барца? 6Амма Даудан кӀентан Сулиман ялхо волчу НабатӀан кӀант ЯрбаӀам, карзах а ваьлла, шен олахочунна дуьхьалваьлла. 7Эхь доцу, баьсса нах ЯрбаӀамна гонах а бевлла, Сулиман кӀантана РахьбуӀамна дуьхьал а бевлла, чӀагӀбелира. Ткъа къона а, дагна кӀеда а волу РахьбуӀам царна дуьхьал ца латтавелира. 8ХӀинца шаьш вуно дукха долу дела а, ЯрбаӀама шун деланаш бина долу дашо эсий шайца долу дела а, Даудан тӀаьхьенах болчеран карахь йолчу Везачу Элан пачхьалкхана дуьхьал шаьш латталур ду моьттуш хир ду шу? 9Ткъа аша лелхийна бац левихой а, АхӀаронан тӀаьхьенах болу Везачу Элан динан дай а, шайна юкъара динан дай дӀа а хӀиттийна, кхечу мехкашкарчу къаьмнаша уьш шайна юкъара дӀахӀиттош ма-хиллара? Ша къобалвайта эса а, ворхӀ ка а бахьаш веана волу милла а, харцделанийн динан да а вой, дӀахӀоттаво аша.

10Ткъа тхох лаьцна аьлча – Веза Эла ву тхан Дела. Оха Иза дӀа а ца тесира. Везачу Элана лерина гӀуллакхаш кхочушдеш болу динан дай АхӀаронан тӀаьхьенах бу, ткъа левихоша царна гӀо до церан балха тӀехь. 11Цара хӀора Ӏуьйранна а, суьйранна а дийнаташ дагоран сагӀа а доккху, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайо, Далла гергахь цӀанйинчу стоьла тӀе моггӀара бепиг охьа а дуьллу, хӀора суьйранна дашочу стогарна чуьра къуьданаш а латабо. Цу тайпана вайн Везачу Дала тӀедиллинарг оха кхочушдо, ткъа аша Иза дӀатесна. 12Хьажал шайна, Дела Ша ву тхан куьйгалхо, ткъа Цуьнан динан дай кийчча лаьтташ бу, шайн турбанашца орца даккхар хазийта, шуна дуьхьал тӀом бархьама. Исраилхой! Шайн дайн Дела волчу Везачу Элаца тӀом ма белаш, хӀунда аьлча цу тӀехь шун толам хир бац».

13Амма и бохучу хенахь ЯрбаӀама шен тӀемалой бахийтинера тӀехьахула яхӀудхошна кӀело ян. Иштта, ша яхӀудхошна хьалха а хуьлуш, ткъа кӀело ян бахийтинарш царна тӀехьа а хуьлуш, нисвелира ЯрбаӀам. 14ЯхӀудхой юхахьаьжира – царна хьалха а, тӀехьа а дӀабоьдуш тӀом бара. Уьш Везачу Эле кхайкхира, ткъа динан дайша турбанаш лекхира. 15ЯхӀудхоша тӀеман цӀогӀа туьйхира. Цара цӀогӀа тоьхча, Аби-ЯхӀуна а, яхӀудхошна а хьалха ЯрбаӀам а, берриге исраилхой а Дала эшийна дӀабехира. 16Исраилхой яхӀудхойх дӀабевдира. Дала уьш яхӀудхойн карабахийтира. 17Аби-ЯхӀус а, цуьнан эскаро а боккха эшам бира исраилхошна – царах тоьлла волу пхи бӀе эзар тӀемало велира. 18Иштта цу дийнахь исраилхой сийсазбинера, ткъа яхӀудхошка толам баккхийтинера, уьш шайн дайн Дела волчу Везачу Элах тешна лелаш хилла болу дела.

19ЯрбаӀамна тӀаьхьа а ваьлла, цхьайолу цуьнан гӀаланаш схьаехира Аби-ЯхӀус: Бетал-гӀала а, цуьнца йоьзна ярташ а, Ишана-гӀала а, цуьнца йоьзна ярташ а, Ӏепрайн-гӀала а, цуьнца йоьзна ярташ а. 20Аби-ЯхӀу дийна волчу ханна кхин чӀагӀ ца делира ЯрбаӀаман олалла. Везачу Эло вожийна, иза велира.

21Ткъа Аби-ЯхӀун паччахьалла чӀагӀделира. Цо шена ейтта зуда ялийра. Цуьнан ткъе шиъ кӀант, ялхитта йоӀ хилира.
Copyright information for CheCAC2012