2 Chronicles 15:16-19
16Ур-атталла шен ден нана МаӀха а паччахьан цӀе лелорах яьккхира Аса-паччахьо, цо Ашера-харцдалла лерина дегаза болу бӀогӀам дӀахӀотторна. И дегаза цӀу, хеда а вина, цеста а цистина, Кхидрун-тогӀи чохь вагийна дӀаваьккхира Аса-паччахьо. 17Исраил-махкахь сагӀа доккху гунаш цо дӀа ца даьхнехь а, ша дийна мел волчу хенахь Везачу Элана доггах тешаме вара Аса. 18Шен дас а, ша а Далла къобалйина йолу пхьегӀаш а, дато а, дашо а хӀуманаш а Делан цӀа чу ехкира Аса-паччахьо. 19Асас паччахьалла деш, ткъе пхуьйтталгӀа шо тӀекхаччалц тӀом бацара. 2 Chronicles 16:1-6
Асас а, Бен-Хьадида а бина барт
(Сулим 15:17-22)
1Асас паччахьалла до ткъе ялхитталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь БаӀша ЯхӀуд-махкана тӀелетира. Цо Рама-гӀала чӀагӀйира, цхьа а Аса-паччахьан лаьтта тӀера ара а, я цу тӀе а ца валийтархьама. 2Везачу Элан а, паччахьан а цӀенойн хазнаш чуьра дети а, деши а, схьа а эцна, Дамасакхехь Ӏаш волчу Арам-мехкан ▼▼Арам-мохк – иза хӀинцалерчу Сири-мехкан цхьа дакъа хилла.
паччахьна Бен-Хьадидана дахьийтира Аса-паччахьо. Цо Бен-Хьадиде бохура: 3«Барт хуьлийла суна а, хьуна а юкъахь, сан дена а, хьан дена а юкъахь ма-хиллара. Аса хьуна дети а, деши а доуьйту. Ахьа хьайна а, исраилхойн паччахь волчу БаӀшина а юкъахь болу барт бохабе, иза суна тӀегӀоьртина волчуьра дӀавалийтархьама». 4Аса-паччахьо бохучуьнга ладуьйгӀира Бен-Хьадида. Цо шен тӀеман хьаькамаш бахийтира Исраил-мехкан гӀаланашна тӀелата. Цара толам баьккхира Ӏаюн а, Дан а, Абал-Майм а гӀаланашна а, Наптал-махкарчу тӀаьхьалонна кечдина долу сурсаташ чохь латтош йолу ерриг гӀаланашна а тӀехь. 5И дерриг а шена хезча, Рама-гӀала чӀагӀъяр саца а дина, шен болх битира БаӀша-паччахьо. 6Ткъа Аса-паччахьо массо а яхӀудхой схьагулбира. БаӀшас Рама-гӀала чӀагӀъеш лелош болу тӀулг а, дечиг а цигара арадаьккхира. Цаьрца Бен-Яманан ГибаӀ-гӀала а, МицӀпа-гӀала а чӀагӀйира Аса-паччахьо.
Copyright information for
CheCAC2012